Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 20:8 - Делан Йозанаш

8 ТӀехьовсучара кхин а иштта дӀахьеде эскаре: „Кхоьруш верг а, доьналла доцург а шен цӀа верза, кхечу тӀемалойн дегнаш, цуьнан дог санна, кӀеда ца хилийтархьама“.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 20:8
14 Referencias Cruzadas  

Цу хенахь Эдомера элий боьхна хьийзаш хир бу, Муабера баьччанаш дага тӀе кхерам тесна хир бу, КанаӀанера бахархой, кхерабелла, ша санна, бешна хир бу.


Вон тӀедеанчу дийнахь хьо доьналлех воьхнехь, хьан ницкъ билггал кӀезиг бу.


Мусана гонах гулделла халкъ те а деш, Килаба элира: «Вай, даха а дахана, и латта ваьшна схьадоккхур ду, хӀунда аьлча иза вайга схьадаккхалур долуш ду».


Ашкул цӀе йолчу тогӀи чу а кхаьчна, и мохк гира царна. Амма шайна Везачу Эло деллачу лаьттах исраилхойн дог даьккхира, цара уьш цу тӀе а ца бохуьйтуш.


Ӏийсас жоп делира цунна: «Нахаран тӀам схьа а лаьцна, юхахьоьжуш верг Делан Олаллина пайденна вац», – аьлла.


Ма Ӏехалолаш, вежарий! «Вочу накъосто дика амал талхайо».


Стенга даха деза вай? Вайн вежарша вайн дегнаш малдина: ‘И халкъ алсам ду, вайл дукха а, лекха а ду. Цигара гӀаланаш яккхий а ю, стигала кхаччал лекха чӀагӀонаш йолуш а ю. Цул совнаха, Ӏаьнакх цӀе йолчу турпалх схьабевлларш а гира тхуна цигахь’, – бохуш“.


Эскаре къамел дина девллачул тӀаьхьа, тӀеман хьаькамаш схьахаржа, уьш тӀемалошна хьалха бовлийтархьама.


«Шайн мостагӀашна тӀе тӀамца шаьш дахча, Далла хьалха цӀена мел доцучух ларлолаш.


Ткъа кӀиллойн а, Ӏийсах тешар доцучеран а, вон болчеран а, адам дийначеран а, сийсаза лелачийн а, бозбунчийн а, харцделанашна Ӏамал еш болчеран а, массо а харцлуьйчеран а дакъа хир ду цӀарах а, саьмгалх а богучу Ӏам чохь. Иза шозлагӀа валар ду».


Довха а, шийла а доцуш, шу мела хиларна, Ас Сайн багара а дӀадохур ду шу.


Хьайца схьабаьхкинчаьрга дӀаала: „Кхеравелла вегош мел верг ГалӀадарчу лам тӀера шайн цӀа юхаверза мегар ду“». Ткъе ши эзар стаг ГадӀан волчуьра цӀа вахара, итт эзар стаг бухависира.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios