Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 20:6 - Делан Йозанаш

6 Кемсийн беш а йоьгӀна, цунна тӀера стом схьа ца баьккхинарг а шен цӀа юхаверза. ХӀунда аьлча иза тӀамехь лахь, кхечу стага пайда оьцур бу цуьнан кемсийн бешах.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 20:6
8 Referencias Cruzadas  

Цара кхечарна чохь Ӏан цӀенош а дийр дац, кхечара царна тӀера кемсаш яа кемсийн бошмаш а югӀур яц. Сан халкъан денош, диттан денош санна, хир ду. Ас хаьржинчара еххачу хенахь шайн куьйгашца динчух пайда оьцур бу.


Ахьа юха а Шамран-махкарчу лаьмнашкахь кемсийн бошмаш кхиор ю, ткъа кемсаш лелош болчара шаьш кхиийначу кемсех шайна пайда а оьцур бу.


Церан хьал хӀонс санна схьадоккхур ду, церан цӀенош а дассор ду. Цара цӀенош дӀахӀиттор ду, амма царна чохь баха ховшур бац уьш, цара кемсийн бошмаш кхиор ю, амма царах даьккхина чагӀар муьйлур дац».


Муьлххачу тӀемалочо, ша эскарехь гӀуллакх дечу хенахь, ша-шен гӀайгӀа бо? Муьлхачу кемсашлелорхочо, кемсаш дӀа а йоьгӀна, церан стоьмаш ца боу? Муьлхачу Ӏуьно шен жена юкъарчу жийно елла шура ца молу?


ТӀехьовсучара эскаре иштта дӀахьедан деза: „Керла цӀа дӀа а хӀоттийна, иза Далла къобалдина воцург, шен цӀа юхаверза. Иза тӀамехь вен тарло, тӀаккха цуьнан цӀа кхечу стага къобалдийр ду.


Зудчуьнца захало а дийцина, иза схьаяло цакхиънарг а шен цӀа юхаверза. ХӀунда аьлча иза тӀамехь лахь, цуьнца захало дийцина йолу и зуда кхечу стага юьгур ю шена“.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios