3 „ЛадогӀа соьга, Исраилан халкъ! Аша тахана шайн мостагӀчуьнца тӀом дӀаболош бу. Доьналлех ма довлалаш, ма кхералаш, царах ма озалолаш, Ӏадийна ма хилалаш!
Цаьрца берг адамийн ницкъ бу, ткъа вайца вайн Веза Дела ву, вайна гӀо а деш, вайн дуьхьа тӀом а беш волу». ТӀаккха яхӀудхойн паччахьан Хьузакх-ЯхӀун дешнаша халкъ чӀагӀдира.
Дала кӀаддина сан дог, Нуьцкъалчо со кхерийна.
Со вуьжу, наб йо ас, гӀотту со, Везачу Эло со ларвойла а хууш.
Амма Мусас халкъе элира: «Кхера а ца кхоьруш, дӀахӀиттий латта, Везачу Эло тахана шаьш кӀелхьардахар гур ду шуна. ХӀинца гуш болу мисархой кхин цкъа а гур бац шуна.
Цундела боху Хьалдолчу Эло: «Хьажал, Ас Цийон-лам тӀе тӀулг охьабуьллу. Иза зийна а, беза а тӀулг бу, ткъа иза соне буьхана дӀахӀоттийна бу. Цунах тешна Ӏаш верг ведда дӀаваха везаш вац.
Ахьазе ала: „Ларло, амма синтеме хила, кхера а ма кхера, хьайн дог а ма дохаде, и сийсина догуш долу ши дечиг бахьана долуш – Рицан шен арамхошца а, Рамли-ЯхӀун кӀант а оьгӀазвахана дела.
Амма Везачу Элана дуьхьал ма довла. Цу махкахь Ӏачу халкъах а ма кхера, цунах вайна ижу хир ю. Уьш ларбан цхьа а вац, ткъа вайца Веза Эла ву. Ма кхера царах!»
«Аса дохуьйту шу, берзалойн арданг юккъе уьстагӀий ма-дахийттара. Цундела, текхарг санна, хьекъале хилалаш, кхокха санна, дагахь хӀума доцуш а хилалаш.
Ма кхера шайн дегӀ ден йиш хиларх, шун са церан карахь дац. Ткъа кхералаш шайн дегӀ а, са а жоьжахатехь хӀаллакдан йиш Йолчунах.
Цундела ма кхералаш: дуккха а хьозанел деза ду шу!
Ткъа Цо элира: «Стенах кхоьру шу, Делах кӀезиг тешарш?» Хьала а гӀаьттина, Цо мохе а, тулгӀенашка а омра дира. Цу сахьтехь, цхьа а гӀар-тата доцуш, тийналла дӀахӀоьттира.
Цаьрга лаьхьанаш караэцийтича а, я дӀовш малийтича а зе хир дац царна, цара цомгушчарна тӀе куьйгаш диллича, цомгушнаш толур бу».
Ткъа цо элира зударшка: «Кхера ма ло. ЖӀарах дӀатоьхна хилла Назартера Ӏийса лоьху аш? Иза денвелла. И кхузахь вац. ХӀара ю Иза охьавиллина хилла меттиг.
Цо элира: „Кхера ма лолахь, ПахӀал! Хьо Рим-мехкан паччахьна хьалха хӀотта дезаш ву, Дала хьан доӀанна жоп делла, цундела хьо а, хьоьца кеманна тӀехь берш а дийна буьсур бу“.
Шун Везачу Дала шуна дӀалуш ду хӀара латта. Шун дайн Везачу Дала шайга ма-аллара, дӀа а гӀой, и латта шайн дола даккха. Кхера а ма ло, дог доьхна а ма хила“.
«Шайн мостагӀашна дуьхьал тӀом бан шу доьлхуш шун чул дукха йолу церан говраш, гӀудалкхаш, тӀемалой шайна гича, кхера ма лолаш, хӀунда аьлча Мисар-махкара шу арадаьхна волу шун Веза Дела шуьца ву.
Шу тӀаме новкъа довлуш, динан дас, хьалха а ваьлла, халкъе иштта ала деза:
Хьовсалаш, цхьаьнгге а цхьанна а вонна дуьхьал вон ма дайталаш, амма гуттара а вовшашна а, массарна а диканиг дан гӀорталаш.
Тешарца боьзна болчу дикачу тӀамехь хьуьнарца тӀом бе, хедар доцучу дахаран ял хьайна тӀеэца гӀерта. Цу дахарна Дала хьо тӀекхайкхира, дуккха а тешашна хьалха хьайн хаза тоьшалла ахь дича.
Цундела вай майрра боху: «Веза Эла ву сан гӀоьнча, со хӀуманах а кхоьрур вац. ХӀун дийр дара суна стага?»
Шух цхьаммо эзар стаг дӀаэккхаво, хӀунда аьлча шун Веза Дела Ша ву шуьгахьа тӀом беш, Ша шуьга ма-аллара.
Шаьш лан дезар долчу цхьана а хӀуманах ма кхера. Иштта, шу зерхьама, шух цхьадерш иблисо набахти чу даладойтур ду. ТӀаккха иттех дийнахь баланаш ловр бу аша. Шаьш делла дӀадовллалц тешаш хилалаш, тӀаккха Толаман таж санна, Аса шуна хедар доцу дахар лур ду.
ТӀаккха Дауда Шауле элира: «И пӀелаштамхо бахьана долуш цхьа а стаг гӀайгӀане хила оьшуш вац. Хьан лай, ваха а вахана, цуьнца летар ву».