Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 20:16 - Делан Йозанаш

16 Ткъа шун Везачу Дала шун дола схьалуш долчу лаьттахь йолчу гӀаланашкахь цхьа а чохь са долу хӀума дийна ма йиталаш.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 20:16
25 Referencias Cruzadas  

Цхьа а дийна ца вуьтуш, паччахь ӀовгӀа а, цуьнан кӀентий а, дерриг цуьнан халкъ а хӀаллак а дина, Башан-мохк схьабаьккхира исраилхоша.


Иштта, байъий, дӀабаха берашна юкъара берриг кӀентий а, стагах кхетта болу берриг зударий а.


цу махкахь бехаш болу берриге а бахархой а дӀалахка. Массо а церан тӀулгех хедийна цӀуш а, боьттина бина цӀуш а, сагӀа доккху гунаш а дохаделаш.


Оцу кепара аша дан деза шайна уллорачу къаьмнийн долахь йоцучу а, шуна дикка гена йолчу а массо а гӀаланашна.


Шун Везачу Дала тӀе-ма-диллара, Цунна дӀа а къастадай, хӀара халкъаш кхоччуш дакъазадаха: хьетахой а, эмархой а, канаӀанхой а, перезахой а, хьаьвихой а, явсайхой а.


ХӀета, цуьнан дуьххьарлера майра хиллачу стеган иза шена юхайига бакъо яц, иза бехъелла дела. Шун Везачу Далла хьалха иза дегаза хӀума ду. Шайн Везачу Дала шуна дола луш долу латта сийсаз ма даккха».


Везачу Эло уьш шун кара дӀалур бу, ткъа аша ас шайна тӀедиллинчу дерриге а весеташа боххург дан деза цаьрца.


Веза Эла шу бахьана долуш суна оьгӀазваханера. Цо чӀагӀо йинера, со Йордан-хина дехьа а вер вац, шун Везачу Дала шун дола луш долчу оцу беркатечу лаьтта а вер вац аьлла.


Шун Везачу Дала шайн кара дӀалуш долу массо а халкъаш аша хӀаллакдан деза. Царах къинхетам а ма белаш, церан деланашна гӀуллакх а ма делаш, хӀунда аьлча уьш шуна дӀахӀиттийна йолу речӀанаш хир ю.


ЮшаӀа а, исраилхойн тӀемалоша а, мостагӀашна доккха зе а деш, уьш хӀаллакбинчул тӀаьхьа, царах биснарш чӀагӀйина йолчу гӀаланашка бевдира.


Оцу дийнахь Макхеда-гӀала схьаяьккхира ЮшаӀа, туьра кӀел яхийтира цо иза а, цуьнан паччахь а. Дерриг а цу гӀали чуьра са мел долу адам хӀаллакдира цо: ведда а, висна а, цхьа а дийна ца витира. Макхедан паччахьна а Ерихонан паччахьна диннарг дира.


Акъареш тӀера а, НегӀаб цӀе йолчу яьссачу аренера а, лаьмнийн когашкара а, басенашкара а – массанхьара а мохк схьабаьккхира ЮшаӀа. Церан паччахьаш хӀаллакбира цо. Цхьа а са долу адам дийна ца дитира, исраилхойн Везачу Дала тӀе-ма-диллара.


Цу гӀаланашкахь караеана йолу ерриг хӀонс а, даьхни а шайна схьаийцира исраилхоша. Адамаш дерриш а хӀаллакдира, цхьа а са дийна ца дуьтуш.


Нахаца лела Рахьаб а, цуьнан цӀийнах а, гергара а болу нах ЮшаӀа дийна битира, хӀунда аьлча цу зудчо ЮшаӀа Ерихоне хьовса бахийтинарш, дӀа а лачкъийна, кӀелхьарбаьхнера. Рахьабан тӀаьхьенах болу нах хӀинца а исраилхошна юкъахь Ӏаш бу.


Цу дийнахь вийна верриг а ГӀай-гӀалин вахархо шийтта эзар вара – боьрша нах а, зударий а.


Шаьш гӀала дӀалаьцча, сийна цӀе таса цунах. Везачу Эло ма-аллара, кхочушде дерриг а. Хьовсалаш, аса тӀедуьллу шуна иза».


Цара ЮшаӀана жоп делира: «Хьан лешна хезнера, Шен ялхочуьнга Мусага хьан Везачу Дала, хӀара дерриг латта шуна дӀа а ло, цу тӀехь Ӏаш болу берриг а бахархой шуна хьалха хӀаллак а бе аьлла, омра дина бохуш. Цундела, аша тхаьш дайарна кхоьруш, дина оха и гӀуллакх.


Цу дийнахь ЮшаӀа царна тӀедиллира, дерриг а Исраилан халкъана а, Везачу Элан сагӀа доккхучу кхерчана а лерина дечиг даккхар а, хи кхехьар а. И сагӀа доккху кхерч Везачу Эло хоржучу меттигехь хир бу. Таханлерчу дийне кхаччалц иштта болх бо цара.


Амма исраилхоша элира хьаьвихошка: «Шу тхуна юххехь Ӏаш хила а мега. Оха муха бийр бу шуьца барт?»


ХӀинца, ваха а гӀой, Ӏамалекхана тӀелата, цуьнан мел долу хӀума, къинхетам ца беш, хӀаллакде. Массо а ве: зударий, божарий, бераш, декхаш долу бераш. Дерриг: етт, сту, уьстагӀ, эмкал, вир – ша мел долу хӀума, дей, дӀадаккха“».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios