Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 20:11 - Делан Йозанаш

11 Нагахь санна, реза а хилла, цара гӀалин ков дӀаделлахь, оцу гӀалахь мел болчарах шун леш хир бу, ткъа аша цаьрга белхаш бойтур бу.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 20:11
16 Referencias Cruzadas  

Цора-гӀалин паччахь волу Хьирам Дауд-паччахь дийна волчу хенахь цуьнан доттагӀа вара. Ткъа хӀинца, Дауд-паччахьан метта цуьнан кӀант Сулим паччахьалла дарна къобалвина аьлла, шена хезча, Хьирама шен геланчаш бахийтира цунна тӀе.


«ХӀан-хӀа, ма байа ахьа уьш, – жоп делира ЭлишаӀа. – Ахьа-айхьа туьраца а, Ӏодаца а йийсаре бигнарш бойур ма бацара. Царна бепиг а, хи а ло. Юург а яийна, хи а малийна, цӀа дӀахеца ахьа уьш шайн паччахьна тӀе».


Везачу Эло массо а бохамах ларвийр ву хьо, хьан са лардийр ду Везачу Эло.


Амма оцу махкарчу нахана ца везара и стаг. Цара цунна тӀаьххье хьадалчаш бахийтира, шайн лаам дӀахаийта: „Тхуна ца лаьа и стаг тхайн паччахь хила“, – аьлла.


Шаьш цхьа гӀала дӀалацархьама цунна герга даьхкича, цкъа хьалха барт бан хьовсалаш.


Нагахь санна, реза а ца хилла, цара шуьца тӀом дӀаболабахь, аша цу гӀалина го белаш.


Амма Эпрайман тайпанах болчу наха ГӀазар-гӀалахь Ӏаш болу канаӀанхой дӀа ца лаьхкира, таханлерчу дийне кхаччалц эпраймхошна юкъахь бехаш бу уьш, леш санна царна белхаш а беш.


Цу дийнахь ЮшаӀа царна тӀедиллира, дерриг а Исраилан халкъана а, Везачу Элан сагӀа доккхучу кхерчана а лерина дечиг даккхар а, хи кхехьар а. И сагӀа доккху кхерч Везачу Эло хоржучу меттигехь хир бу. Таханлерчу дийне кхаччалц иштта болх бо цара.


Цу наха ЮшаӀе элира: «Тхо хьан леш ду». ЮшаӀа цаьрга хаьттира: «Шу муьлш ду? Мичара даьхкина шу?»


Цара жоп делира: «Вуно генарчу махкара баьхкина хьан леш хьан Везачу Делан дуьхьа, хӀунда аьлча тхуна хезна Цуьнан сийлаллех, Цо Мисар-махкахь динчух лаьцна а


Исраилан халкъ, са чу а деана, дӀахӀоьттича, цара канаӀанхошка шайна белхаш байтира. Цара уьш дӀа а ца лаьхкира.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios