Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 20:1 - Делан Йозанаш

1 «Шайн мостагӀашна дуьхьал тӀом бан шу доьлхуш шун чул дукха йолу церан говраш, гӀудалкхаш, тӀемалой шайна гича, кхера ма лолаш, хӀунда аьлча Мисар-махкара шу арадаьхна волу шун Веза Дела шуьца ву.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 20:1
45 Referencias Cruzadas  

Цу лаьтта тӀехь Ӏе, Со хьоьца хир ву, Ас хьо декъалвийр ву. Хьуна а, хьан тӀаьхьенна а дӀалур ду Ас дерриге а хӀара латтанаш. Хьан дена ИбрахӀимна Айса йина чӀагӀо кхочуш а йийр ю.


Аса-паччахьо, тӀамца цунна дуьхьал а ваьлла, шен эскар Мареша-гӀалина уллорачу Цепата олучу тогӀи чохь дӀахӀоттийра.


Иза шен Везачу Деле кхайкхира. Цо элира: «Веза Эла! Ницкъболчарна дуьхьалвалархьама гӀорасиза волчунна гӀо далуш, Хьо воцург, цхьа а вац. Тхан Веза Дела, гӀо дехьа тхуна, хӀунда аьлча Хьох тешна ма ду тхо, Хьан цӀарах хӀокху доккхачу эскарна дуьхьалдовлуш долу. Веза Эла! Хьо ву тхан Дела! Цхьа а адам ма тоьлийла Хьол».


Тхан Дела! Ахьа кхел ехьа царна. ХӀунда аьлча тхуна тӀегӀоьртинчу оццул дукха болчу царна дуьхьалдовла ницкъ бац тхан. Тхаьш хӀун дан деза ца хаьа тхуна, амма тхан бӀаьргаш Хьоьгахьа бирзина бу!»


Цо элира: «Массо а яхӀудхой, Ярушалайман бахархой, ЯхӀушапти-паччахь, ладогӀалаш соьга! Везачу Эло шуьга иштта боху: „Оцу вуно доккхачу эскарх кхера а ма ло, дог доьхна а ма хила, хӀунда аьлча и тӀом шун бац, иза Делан тӀом бу.


А хьа мел тӀедиллиначуьнга со хьежахь, юьхьӀаьржачу хӀуттур вац со.


Абаделлалц Хьайн декъалалла делла Ахь цунна. Хьо цуьнца хиларна, хазахетарца самукъадаьккхина Ахь цуьнан.


Шегара зулам цадолуьйтург, дог цӀена дерг, шен са зуламехьа цахьажориг, Делан цӀарах харц дуйнаш ца бууш верг вер ву.


Вайн Далла ала иллеш, вайн Паччахьна ала уьш.


Дерриг а лаьттан Паччахь ву Дела. Массара а говза назма Цунна ала.


«Со Веза Эла ву, шун Дела, шу Мисарара, лоллехь долчуьра Арадаьхнарг.


Къа ду Мисар-махка гӀо деха боьлхучеран! Мисархойн говрех а, гӀудалкхех а, уьш дукха хиларна, догдохийла а йолуш, церан дошлойх, уьш онда хиларна, бӀо а булуш бу уьш, амма Исраилан халкъан Везачу Деле а ца хьовсу, Везачу Эле гӀо а ца доьху цара.


Кхера ма кхера – Со хьоьца ву. Воха ма воха – Со хьан Дела ву. Ас хьо чӀагӀ а дийр ду, хьуна гӀо а дийр ду. Со хьуна гӀортор хилла дӀахӀуттур ву нийсо лелаечу Сайн аьтту куьйгаца.


Хьо хийх дехьадолучу хенахь, Со хьоьца хир ву. Хьо Ӏоврех дехьадолучу хенахь, хиша хьо дӀакхоьхьур дац. ЦӀерах хьо дехьадолуш, цо хьо дагор дац, цӀеран алунаша хьуна зе дийр дац.


Хьалдолчу Эло Ша лур ю шуна билгало: „ЙоӀа, берах а хилла, кӀант вийр ву, цуьнан цӀе Ӏимануал туьллур ю.


«Делахь а, кестта тӀекхочур ю цхьа зама, – боху Везачу Эло, – Исраилан халкъ Мисар-махкара арадаьккхинчу дийна волчу Везачу Элах адамаша кхин чӀагӀо йийр йоцу.


ЯхӀудан халкъ майра тӀемалой санна хир ду, тӀамехь, урамашкара хатт санна, мостагӀий хьоьшуш долу. ТӀом бечу хенахь Веза Эла шайца волу дела, цара ур-атталла мостагӀийн дошлой эшор бу, уьш юьхьӀаьржачу а хӀиттош.


Шайн махкана тӀелеттачу мостагӀчунна дуьхьал тӀамца шу доьлхучу хенахь, орца доккхуш, турба лакха. ТӀаккха шайн Везачу Далла дагадогӀур ду шу, Цо шу мостагӀех кӀелхьардохур ду.


Якъубан тӀаьхьенна зулам хирг хилар гуш дац, Исраилан халкъана бохам хирг хилар гуш дац. Церан Веза Дела цаьрца ву! Уьш баккхийберца кхойкхуш бу, Иза шайн Паччахь хиларна.


ХӀун эр дара те оцу дерригенах лаьцна? Дела вайгахьа хилча, мила вер ву вайна дуьхьал?


Ас шуьга элира: „Кхера а ма ло, оза а ма ло царах.


Шун Везачу Дала шун куьйгаша мел дечунна тӀехь шу декъалдина. Цо шун дола дина хӀокху йоккхачу а, кхерамечу а яьссачу аренгахула шу леллачу хенахь. ХӀара шовзткъа шо ду шун Веза Дела шуьца волу. Шу цхьана а хӀуманна тӀехь эшам ловш дацара.


Шу тӀаме новкъа довлуш, динан дас, хьалха а ваьлла, халкъе иштта ала деза:


„ЛадогӀа соьга, Исраилан халкъ! Аша тахана шайн мостагӀчуьнца тӀом дӀаболош бу. Доьналлех ма довлалаш, ма кхералаш, царах ма озалолаш, Ӏадийна ма хилалаш!


ЧӀагӀлолаш, доьналла долуш хилалаш, царах кхера а ма лолаш, Ӏада а ма делаш, хӀунда аьлча шун Веза Эла Ша хьалхавер ву шуна. Иза шух дӀавоьрзур а вац, Цо шу дӀатосур а дац».


Веза Эла Ша гӀур ву хьуна хьалхаваьлла, Иза шуьца хир ву. Иза хьох дӀавоьрзур а вац, Цо хьо дӀатосур а вац. Кхера а ма ло, дог а ма доха».


«Шайн дола даккха шу тӀедоьлхучу лаьтта тӀе шун Везачу Дала шу чудигча, Цо шуна хьалхара дуккха а къаьмнаш дӀалохкур ду – хьетахой, гӀиргӀашахой, эмархой, канаӀанхой, перезахой, хьаьвихой, явсайхой. И ворхӀ къам шул дукха а, ницкъ болуш а ду.


ма кхералаш царах, амма дагадаийталаш шун Везачу Дала пирӀунна а, берриг а мисархошна а динарг.


Ма кхера царах, хӀунда аьлча шуна юкъахь волу шун Веза Дела – сийлахь а, ларамах бузуьйтуш волу а Дела ву.


Ткъа хӀинца хаа ду шуна: шун Веза Дела ву шуна хьалхаваьлла, цӀеро санна, дерриг а дӀакхоллург волу. Цо уьш хӀаллак а бина, шуна хьалха охьабохкур бу. Аш уьш сихха дӀа а лохкур бу, хӀаллак а бийр бу, Везачу Эло шайга ма-аллара.


Хьан дахарехь хьуна дуьхьало ялуш цхьа а хир вац. Мусаца ма-хиллара, хир ву Со хьоьца а, хьох къаьстар а вац Со, хьо дӀа а тосур вац Ас.


Ас тӀедуьллу хьуна: чӀогӀа а, къонахалла йолуш а хила, кхера а ма кхера, воха а ма воха. Хьо миччанхьа вахча а, хьоьца хьан Веза Дела ву».


Везачу Эло шега ма-аллара, дира ЮшаӀа дерриг а: церан говрийн хьорзамаш а хедийра, гӀудалкхаш а ягийра.


ГадӀанна хьалха дӀа а хӀоьттина, Везачу Элан Малико цуьнга элира: «Веза Эла ву хьоьца, майра къонах!»


Везачу Эло цуьнга элира: «Со хир ву хьоьца. Цхьа стаг бен воцуш санна, эшор бу ахьа маданхой».


ТӀаккха Дауда Шауле элира: «И пӀелаштамхо бахьана долуш цхьа а стаг гӀайгӀане хила оьшуш вац. Хьан лай, ваха а вахана, цуьнца летар ву».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios