Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 2:8 - Делан Йозанаш

8 СеӀирехь бехачу вайн гергара къам долчу Ӏесаван тӀаьхьенан лаьтта юххехула тӀех а девлла, Эйлатера а, Ӏецйон-ГӀебарера а боьдучу некъах дӀа а дирзина, Муабин яьссачу аренна тӀедоьлхура вай.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 2:8
9 Referencias Cruzadas  

Везачу Эло жоп делира цунна: «Ши тукхам ду хьан кийрахь, ши халкъ схьадер ду хьох, амма и шиъ декъалур ду. Цхьаъ вукхул онда хир ду, воккхаха верг жимаха волчунна гӀуллакх деш хир ву».


Сулим-паччахьо хӀордкеманаш а дайтира Эдом-махкарчу Эрзийн хӀордан йистехь Эйлат цӀе йолчу гӀалина уллора Ӏецйон-ГӀебар олучу меттехь.


ЯхӀуаш, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхеттачул тӀаьхьа Ӏузи-ЯхӀус, Эйлат-гӀала ЯхӀуд-махкана юха а ерзийна, иза меттахӀоттийра.


Цу хенахь арамхойн паччахьо, Эйлат-гӀала Араман халкъана юха а ерзош, цу гӀалара яхӀудхой дӀалаьхкира. Эдомхой цо Эйлат-гӀала бахийтира, уьш кху заманахь а цигахь бехаш бу.


ХӀор-лома тӀера ЦӀечу хӀорда тӀе боьдучу новкъахула дӀабахара уьш, Эдоман махкана уллохула ца бовлархьама. Новкъахь нехан собар кхачийра.


Ӏабрунера дӀа а бахана, Ӏецйон-ГӀебар цӀе йолчу меттехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.


ХӀара дешнаш Муса-пайхамаро аьлла дара массо а исраилхошка, Йордан-хина малхбузехьа йолчу яьссачу аренгахь, Ӏариба-тогӀи чохь, Суп олучу меттигна дуьхьал уьш болчу хенахь. Цигахь цхьана агӀор Паран-аре яра, ткъа Тупал а, Лабан а, Хьацерут а, ДизахӀаб а вукху агӀор яра.


Цул тӀаьхьа Исраилан халкъ яьссачу аренгахула дӀадахара, эдомхойн а, муабахойн а латтанашна гобоккхуш тӀех а долуш. Уьш муабахойн лаьттан малхбалехьа йолчу меттехь, Арнон-хин йистехь, севцира. Муабахойн лаьттана тӀе ца бевлира уьш, хӀунда аьлча церан лаьттан доза Арнон-хица дара.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios