Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 2:7 - Делан Йозанаш

7 Шун Везачу Дала шун куьйгаша мел дечунна тӀехь шу декъалдина. Цо шун дола дина хӀокху йоккхачу а, кхерамечу а яьссачу аренгахула шу леллачу хенахь. ХӀара шовзткъа шо ду шун Веза Дела шуьца волу. Шу цхьана а хӀуманна тӀехь эшам ловш дацара.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 2:7
31 Referencias Cruzadas  

Ас хьох схьадаьлла доккха халкъ кхуллур ду, хьо декъал а вийр ву, хьан цӀе а ойур ю, наха а хьан цӀарца вовшийн декъалбийр бу.


Везачу Эло массо а хӀуманна тӀехь декъалвина ву сан эла, цундела иза хьалдолу стаг а хилла дӀахӀоьттина. Везачу Эло ИбрахӀимна дуккха а жа а, бежанаш а, деши а, дети а, ялхой а, гӀарбашаш а, эмкалш а, варраш а елла.


Исхьакха, цу лаьтта тӀехь къа а хьегна, дӀадийначул бӀозза сов ялта гулдира цу шарахь, хӀунда аьлча Везачу Эло декъалвина вара иза.


«Нагахь хьо суна резавелахь, ма гӀохьа дӀа, кхузахь Ӏехьа, – жоп делира цунна Лабана. – Пал тесча, суна хиина, хьо бахьана долуш со Везачу Эло декъалвина хилар.


Цуьнан хӀусаман дена гора Веза Эла Юсупца хилар а, цо дечу гӀуллакхаш тӀехь гӀо деш Иза хилар а.


ХӀусамдас Юсуп куьйгалла дан хӀоттийчхьана дуьйна, Везачу Эло декъалйира мисархочун хӀусам Юсупан дуьхьа. Везачу Элан беркат доьссира Патипаран долахь долчунна дерригенна а тӀе: цӀенна а, аренна а.


Шовзткъа шарахь яьссачу аренгахула уьш лелаш а бара, царна мел оьшу хӀума Ахь кхочуьйтура. Церан бедарш а ца тишлора, когаш а ца бестара.


Ткъа Цунна хууш ма ду, со лела некъ муьлха бу. Цо со зийча, деши санна, цӀена хилла дӀахӀуттур ву со.


ХӀунда аьлча Шен лаамехь болчеран некъ Везачу Эло ларбо, ткъа зуламе гӀуллакхаш лелочеран некъо уьш шаьш хӀаллакбо.


Халкъашна юкъахь, Веза Эла, Хьо ас хастор ву, Хьох лаьцна нахана хьалха иллеш эр ду.


Хьо волчохь ю сан дӀалочкъийла, Ахь ларво со халонех, кӀелхьарваларан хазахетар а ло Ахь суна.


Исраилхоша шовзткъа шарахь йиира «манна», шаьш тӀехь Ӏен долчу лаьтта тӀе а, КанаӀан-мехкан дозанна тӀе а кхаччалц.


«Ярми-ЯхӀу, ваха а гӀой, Ярушалайман халкъе дӀахьедар де. Цаьрга ала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Къоначу хенахь хьо тешаме хилар дагадогӀу Суна, хьо къона нускал долуш Со везара хьуна. Хьо Суна тӀаьхьахӀоьттина догӀура яьссачу аренгахула – тӀе хӀу тасаза долчу лаьтта тӀехула.


Яьссачу аренгахь шуна уллохь хилларг Со ма вара, къаьсттина декъа долчу оцу лаьттахь.


Ткъа Ас шу арадехира Мисар-махкара. Шовзткъа шарахь лелийра Ас шу яьссачу аренгахула, эмархойн латта шун дола далийтархьама.


Мисар-махкара исраилхой арабевллачул тӀаьхьа шолгӀачу шеран, шолгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь Синай олучу яьссачу аренгахь, гуламан четар чохь, Веза Эла Мусага вистхилира. Цо элира:


Шун кӀентий шовзткъа шарахь яьссачу арахь кхелхина лелар бу. Шу массо а делла дӀадовллалц, цара бала ловр бу шун бехкана.


Керлачу лаьтте хьовсуш, аш даьккхинчу шовзткъа денна лерина шовзткъа шарахь шаьш латийна къа бахьана долуш бала хьоьгур бу аш, цхьа шо цхьана дийне а нислуш. ТӀаккха шуна хуур ду, Со шуна дуьхьал хилар хӀун ду.


Дала БалиӀаме элира: «Хьо цаьрца ма гӀолахь, цу халкъана неӀалт а ма кхайкхаделахь, хӀунда аьлча и халкъ декъалдина ду».


Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахара Исраилан халкъана. Цо шовзткъа шарахь яьссачу аренгахула лелийра уьш, Шена хьалха зулам дина долчу цу халкъан гара делла чекхдаллалц.


Юха Цо хаьттира мурдашка: «Ас шу бохча а, тӀоьрмаг а, мачаш а йоцуш дахийтича, хӀумма а оьшурий шуна?» «Ца оьшура», – элира цара.


Сан уьстагӀашна Сан аз а хеза, Суна а уьш девза, уьш Суна тӀаьхьа а догӀу.


«Хьарибара ара а девлла, вайн Везачу Дала тӀе-ма-диллара дӀа а оьхуш, эмархойн лаьмнашна тӀе доьлхуш, шуна гиначу йоккха а, къемате кхераме а йолчу яьссачу аренгахула чекх а довлуш, вай Кхадеш-БарнаьӀе кхечира.


«Иштта, дикка хан яьккхира вай Кхадешехь».


Вай Кхадеш-БарнаьӀара арадевллачу хенахь дуьйна Зерад-татол долчу тогӀенехула чекхдовлучу ханна тӀекхаччалц, ткъе берхӀитта шо дӀадаьлла. Вайн къомана юкъара тӀаме дахалуш мел хилла гаранаш хӀаллакьхилла, Везачу Эло царна чӀагӀо йина ма-хиллара.


Юург яа, шайгара дети дӀа а лой, цаьргара эций. Мала хи а схьаэца цаьргара, цунах дети дӀа а лой“.


Амма Везачу Эло таханлера де тӀекхаччалц ца деллера шуна дог, шун кхетам хилийтархьама, бӀаьргаш, шуна гайтархьама, лергаш, шуна хазийтархьама.


Везачу Эло шуьга элира: „Шовзткъа шарахь яьссачу аренгахула лелийра Ас шу. Шуна тӀера бедарш тиш ца елира, шун когара мачаш а тиш ца елира.


Исраилхой шовзткъа шарахь лийлира яьссачу арахула, Мисарара арабевлла, тӀом балуш болу божарий белла дӀабовллалц. Цара Везачу Эле ла ца доьгӀнера, цундела Цо церан дайшна Ша лур ду аьлла чӀагӀо йина, шуьрех а, мазах а дуьзна токхе долу латта ган царна бакъо ца елира.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios