Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 2:4 - Делан Йозанаш

4 СеӀир-лаьмнаш тӀехь бехачу шайн гергарчу къомах болчу Ӏесавах схьабевллачийн лаьттахула чекхдовла дохкуш ду шу. Уьш шух кхералур бу, делахь а шу ларлуш хилалаш.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 2:4
15 Referencias Cruzadas  

Везачу Эло жоп делира цунна: «Ши тукхам ду хьан кийрахь, ши халкъ схьадер ду хьох, амма и шиъ декъалур ду. Цхьаъ вукхул онда хир ду, воккхаха верг жимаха волчунна гӀуллакх деш хир ву».


Иштта, дӀавахна, СеӀир-махкахь ваха хиира Ӏесав (я Эдом).


Цу хенахь Эдомера элий боьхна хьийзаш хир бу, Муабера баьччанаш дага тӀе кхерам тесна хир бу, КанаӀанера бахархой, кхерабелла, ша санна, бешна хир бу.


Кхерамо Ӏадор бу уьш! Хьан сийлахь куьг а гина, тӀулгаш санна, дӀатуьйр бу уьш, Хьан халкъ, Веза Эла, тӀехдаллалц, мехах паргӀатдаьккхина халкъ тӀехдаллалц.


Нахана шуьгара серло гойла, шун дика гӀуллакхаш гайтархьама а, адамашка Далла хастам байтархьама а».


Цул тӀаьхьа Цо элира массаьрга а: «Варелаш! БӀаьрмециг ма хилалаш. Стеган дахар цуьнан хьолах лаьтташ дац шуна, иза мел дукха делахь а».


Варелаш, леррина хьовсалаш шаьш муха лела. Хьекъалалла доцурш санна а доцуш, хьекъалалла долуш дерш санна хилалаш.


„Тоьар ду шуна хӀокху лаьмнашна гонаш даха, къилбаседехьа дӀадерза.


Эдомхой дӀа ма татталаш, уьш шун гергара къам долу дела. Мисархошна а куралла ма елаш, шу церан лаьтта тӀехь тӀедаьхкина Ӏийна дела.


Далла хьалха бехк буьллийла доцуш, цӀена шаьш хилийтархьама. Аьрхачу а, телхинчу а тайпанна юкъахь шайца цхьа а вониг доцуш, Делан бераш санна дахалаш. Царна юкъахь стигалан серлонаш санна лела деза шу,


Арахь болчаьрца хьекъале хилалаш. БегӀийла меттиг шайна нисъелча, хьехамаш бан пайденна хилийталаш.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios