36 Арнон-хин тогӀин йистера йолчу ӀаруӀер-гӀалара ГалӀад-гӀала дӀакхаччалц йолу цхьа а гӀала ца йисира вайга схьа ца яккхалуш. И дерриг а вайн кара схьаделира вайн Везачу Дала.
Йордан-хил дехьа а бевлла, ӀаруӀерахь севцира уьш, тогӀи чохь йолчу гӀалина къилбехьа. Цу тӀера уьш Гадин тайпанан махкахула ЯӀзир-гӀала йолчу дӀабахара.
И кӀошт яра Йорданан малхбалехьа йолчу меттехь, ӀаруӀер-гӀалара дуьйна Арнон-хина тӀекхаччалц. Цу чу догӀура ГалӀад а, Башан а мехкаш. Цигахь Гадан, Раабанан а, Маннашан а тайпанаш дехаш дара.
Адамашна юкъара уггар исбаьхьаниг ву хьо. Къамел дарна говза а ву хьо, цундела Дала абаденналц декъалвина хьо.
Хьан дозанаш Ас тухур ду Эрзийн хӀорда тӀера ПӀелаштам-хӀорда тӀе кхаччалц, яьссачу арара Эпрат-хина тӀе кхаччалц. Цу мехкан къаьмнаш хьан кара лур ду Ас, тӀаккха уьш шаьш долчуьра лохкур ду ахьа.
ӀаруӀер-гӀалина гонах йолу гӀаланаш яссалур ю. Акха лелачу жашна юьсур ю уьш, дӀакъахко стаг а воцуш, уьстагӀий цигахь Ӏохкур ду.
ӀаруӀерахь дехаш долу адамаш, некъа йисте дӀа а хӀиттий, хьовса. ДӀауьдуш болчу божаршка а, кӀелхьарбовлуш болчу зударшка а хаттар де: „ХӀун хилла шуна?“
Гадахоша юхаметтахӀиттийра иштта гӀаланаш: Дибон, Ӏатрут, ӀаруӀер,
ХӀун эр дара те оцу дерригенах лаьцна? Дела вайгахьа хилча, мила вер ву вайна дуьхьал?
«ХӀара латта вай схьалаьцначу хенахь, Арнон-хина йистерачу ӀаруӀер-гӀалара дуьйна долу латта а, ГалӀад-лаьмнийн ах а, цуьнан ерриге а гӀаланашца цхьаьна ас Гадин а, Раабанан а тайпанашна дӀаелира.
Арнон-хина йистехь йолчу ӀаруӀер-гӀалара Сириюн-ломана тӀекхаччалц. (Сириюнах Хьермон-лам а олу).
Хьан дахарехь хьуна дуьхьало ялуш цхьа а хир вац. Мусаца ма-хиллара, хир ву Со хьоьца а, хьох къаьстар а вац Со, хьо дӀа а тосур вац Ас.
Хьешбонехь Ӏийна волу эмархойн паччахь Сихьон. ГалӀад-мехкан ах латта цо паччахьалла деш дара. Арнон-хина уллохь йолчу ӀаруӀер-гӀалина тӀера Ябокх-хина тӀекхаччалц бара цуьнан мохк. Цу хина юккъехула дара цуьнан Ӏамминхошца долу доза.
Арнон-тогӀина йистехь йолу ӀаруӀер-гӀала а, цу тогӀина чохь йолу гӀала а, Мейдебана уллора ерриг шера аре а,
Арнон-тогӀина йистехь йолчу ӀаруӀер-гӀалина тӀера цу тогӀина чохь йолчу гӀалина тӀекхаччалц долу латта а, Мейдебана тӀера Дибонна тӀекхаччалц йолу шера аре а церан яра.
Массо а агӀор царна синтем белира Везачу Эло, церан дайшка Ша ма-аллара. Исраилхойн мостагӀех цхьа а царна дуьхьало еш вацара. Везачу Эло церан кара дӀабеллера мостагӀий.
Церан карахь дара Арнон-хина тӀера дуьйна Ябокх-хина тӀекхаччалц а, иштта яьссачу аренгара Йорданна тӀекхаччалц а долу латта.
Исраилан халкъ Хьешбонехь кхаа бӀе шарахь даьхна, иштта ӀаруӀерахь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а, Арнон-хина гонахьа мел йолчу гӀаланашкахь а даьхна. Цу хенахь хӀунда ца даьккхира аша и латта схьа?