25 Аса тахана дуьйна шух болу кхерам а, къемат а дӀасадаржор ду стигална кӀел мел долчу халкъашна. Шух лаьцна дӀахезнарш кхералур а бу, Ӏадор а бу“».
Юха уьш новкъа бевлира. Дала кхерам тесира царна гонах йолчу гӀаланашкарчу нахана тӀе, цундела зуламна Якъубан берашна тӀаьхьа цхьа а ца велира.
Иштта, массо а мехкашкахула цӀе яхара Даудан. Массо а халкъаш цунах кхоьруш дӀахӀиттийна хилла Везачу Эло.
Цара бехк боцу цӀий Ӏанадора, шайн кӀентийн а, йоӀарийн а цӀий, уьш канаӀанхойн цӀушна сагӀина дӀа а луш. Церан цӀий бахьана долуш латта бехдира цара.
Сайх болу кхерам хьол хьалха дӀабохуьйтур бу Ас, ткъа муьлхха а хьо тӀедахана халкъ дохийна хьовзор ду. Хьан мостагӀий, дӀа а берзийтина, хьуна хьалхара бовдуьйтур бу Ас.
Ярушалайм-гӀалано дуьненан массо а къаьмнашна хьалха Суна гӀарадаккхар а, хазахетар а, хастам а, сий а доккхур ду, Айса цунна мел дина дика царна хезча. Ларамах а буьзна, уьш бегош хир бу, Аса цунна ден долу дика а, аьтто а шайна дӀагича“».
Муабахой холчу хӀиттинера, Исраилан халкъ алссам хиларна. Уьш чӀогӀа кхерабеллера исраилхойх.
Цхьа а латталур вац шуна дуьхьал: шун Везачу Дала, Ша чӀагӀо ма-ярра, аша ког мел баьккхина долчу муьлххачу а лаьттана кхерам тосур бу, уьш, кхоьруш, бегор бу.
ТӀаккха дуьнен чуьра дерриг а халкъаш шух кхоьрур ду, Везачу Элан цӀе шуна тӀехь хилар а гина.
Иза хезча, паччахь чӀогӀа кхеравелира, хӀунда аьлча шена тӀехь паччахьо куьйгалла деш йолу муьлхха а гӀала санна, ГавӀон йоккха гӀала яра. Иза ГӀай-гӀаланал а йоккха яра, цуьнан бахархой майра нах а бара.
Цара ЮшаӀана жоп делира: «Хьан лешна хезнера, Шен ялхочуьнга Мусага хьан Везачу Дала, хӀара дерриг латта шуна дӀа а ло, цу тӀехь Ӏаш болу берриг а бахархой шуна хьалха хӀаллак а бе аьлла, омра дина бохуш. Цундела, аша тхаьш дайарна кхоьруш, дина оха и гӀуллакх.
Гой шуна! Аьшпаш а буттуш, шаьш боццушехь, жуьгти ду бохуш болу иблисан гуламах берш Ас шуна хьалха дӀахӀиттор бу, шун когашка уьш охьа а тоӀуьйтуш. Хуур ду царна, Суна шу дезийла.