Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 2:24 - Делан Йозанаш

24 КхидӀа Мусас элира: «Цул тӀаьхьа Везачу Эло иштта элира: „ХьалагӀовтта, дӀа а гӀой, Арнон-хих дехьадовла. ХӀан, Ас хьан кара дӀало эмархо волу Хьешбон-мехкан паччахь Сихьон а, цуьнан латта а. И латта хьайн кара а дерзош, тӀом бе цуьнца.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 2:24
11 Referencias Cruzadas  

«Иштта боху парсихойн паччахь волчу Къуреша: стигалийн Дела волчу Везачу Эло дуьненан ерриг а пачхьалкхаш схьаелира суна, ткъа Цо тӀедиллина суна, ЯхӀуд-махкахь йолчу Ярушалаймехь Шена цӀа де аьлла. Шуна юкъахь Везачу Элан халкъах мел болчаьрга Аса боху: шун Дела шуьца а хуьлийла, шу Ярушалайме а гӀойла».


«Иштта боху парсихойн паччахь волчу Къуреша: стигалийн Дела волчу Везачу Эло дуьненан ерриг а пачхьалкхаш схьаелира суна, ткъа Цо тӀедиллина суна, ЯхӀуд-махкахь йолчу Ярушалаймехь Шена цӀа де аьлла.


‘Сайн боккхачу ницкъаца а, тӀекховдийначу куьйгаца латта а, адамаш а, лаьтта тӀера бежанаш а кхоьллина Аса. Сайна мел луучун кара Аса и латта дӀало.


Ас царна мисархойн латта цара бинчу балхана дуьхьал совгӀатна дӀалуш ду, хӀунда аьлча цара Сан дуьхьа бина и болх». Иштта элира Хьалдолчу Эло.


Цо делла хьан кара массо а адамаш, уьш миччанхьа дехаш делахь а, лаьттан дийнаташ, стигалшкара олхазарш, хьо царна тӀехь олахо а вина Цо. И дашо корта – хьо ву!


Хьуна гина долу доккха а, онда а дитт, стигала кхаччалц лекха а дара, дуьненан йистера дуьйна гуш а дара.


Цу меттера а дӀа а бахана, Зерад цӀе йолчу тогӀи чохь севцира уьш.


Арнон-хин тогӀин йистера йолчу ӀаруӀер-гӀалара ГалӀад-гӀала дӀакхаччалц йолу цхьа а гӀала ца йисира вайга схьа ца яккхалуш. И дерриг а вайн кара схьаделира вайн Везачу Дала.


ГӀала а, дерриг а цу чохь дерг а Везачу Элана лерина ду. Нахаца лелаш йолу Рахьаб а, цуьнан цӀера нах а дийна бита, хӀунда аьлча цу зудчо вай бахийтина нах къайлабаьхнера.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios