Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 2:23 - Делан Йозанаш

23 Иштта Крит-гӀайренера схьабевлла болу каптӀархой а, Ӏази-гӀалина тӀекхаччалц йолчу ярташкахь баьхна болу Ӏаваймхой хӀаллак а бина, церан меттигашкахь баха хевшира.)

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 2:23
16 Referencias Cruzadas  

патӀрусхой, шех пӀелаштамхой схьабевлла волу каслахӀамхой, каптӀархой.


КанаӀанхойн мохк баьржина бара къилбаседехьа йолчу ЦӀадан-гӀалара дуьйна къилбехьа йолчу ГӀарар-гӀала тӀекхаччалц, ткъа кхузара малхбалехьара Ӏази-гӀалара дуьйна малхбузера Седам а, Ӏамор а гӀаланашна тӀекхаччалц, иштта Удам а, ЦӀабайма а гӀаланашкара дуьйна ЛашаӀ-гӀала тӀекхаччалц.


Сулим-паччахьан олаллехь дара Эпрат-хина малхбузехьара агӀор болчу Тапсахь-гӀалара дуьйна Ӏази-гӀала кхаччалц долу мехкаш. Оцу Эпрат-хина сехьа агӀор долчу мехкашкара паччахьашна а тӀехь олалла деш вара Сулим-паччахь. Гонах долчу кхечу дерриг а мехкашца а машарехь Ӏаш вара Сулим-паччахь.


Ха деш йолу бӀов йолчу жимачу гӀалина тӀера дуьйна йоккхачу чӀагӀйинчу гӀалина тӀекхаччалц, пӀелаштамхошна тӀехь толамаш бехира цо, Ӏази-гӀалина а, цуьнан гонах йолчу аренна а тӀекхаччалц.


патӀрусхой, шайх пӀелаштамхой схьабевлла болу каслахӀамхой, каптӀархой.


цигарчу эделла долчу халкъашка а; ӀуцӀа-махкарчу массо а паччахьашка а; пӀелаштамхойн гӀаланийн массо а паччахьашка а: Ашкхилун-гӀалин а, Ӏази-гӀалин а, Ӏекхран-гӀалин а, иштта Ашдод-гӀалин дисинчу декъан а массо а паччахьашка а;


Берриг а пӀелаштамхой хӀаллакбен де тӀекхаьчна, Цора-гӀалина а, ЦӀадан-гӀалина а дисина долу гӀо дӀахеда хан тӀекхаьчна. Везачу Эло хӀаллакбийр бу пӀелаштамхой, КаптӀар-гӀайренах схьаваьлла мел виснарг.


«Шу а, исраилхой, хушахой санна дац ткъа Суна? Со вац ткъа исраилхой Мисар-махкара, пӀелаштамхой Крит-гӀайре тӀера, арамхой Кхирера арабаьхнарг?» – боху Везачу Эло.


Ӏази-гӀала дӀатосур ю, Ашкхилун-гӀала а яссалур ю, Ашдод-гӀалин бахархой лохкур бу дийнан делккъехь, Ӏекхран-гӀала а тӀепаза йовр ю.


И дерриг а гина, Ашкхилун-гӀалин бахархой инзарбевр бу, Ӏази-гӀалара берш а, лазарша хьовзийна, бегор бу, иштта хир бу Ӏекхранхой а, хӀунда аьлча церан сатийсам кагбина хир бу. Ӏази-гӀалин паччахь вуьйр ву, ткъа Ашкхилун-гӀалахь цхьа а дийна вуьсур вац.


Цхьана адамах Цо кхоьллира массо а адамийн халкъаш, уьш массо а Лаьтта тӀехь Ӏайтархьама, хьалххе царна цхьа билггала заманаш а, Ӏан меттиг а къастийна,


Кхадеш-БарнаьӀара Ӏази-гӀала кхаччалц а, дерриг ГӀашан цӀе йолу латта а, ур-атталла ГавӀон-гӀалина тӀекхаччалц долу латта а схьадаьккхира ЮшаӀа.


Цхьа а Ӏаьнакхахо ца висира исраилхойн лаьтта тӀехь, Ӏази-гӀалаххьий, Гати-гӀалаххьий, Ашдод-гӀалаххьий бен.


Мисар-махкана уллохь долчу Шихьор-хина тӀера къилбаседехьа йолчу Ӏекхран-гӀалина тӀекхаччалц ду церан латта, ткъа иза канаӀанхойн латта лоруш ду. Цунна чуйогӀу пӀелаштамхойн пхеа урхалчин гӀаланаш: Ӏази а, Ашдод а, Ашкхилун а, Гати а, Ӏекхран а. Ӏаваймхойн къомана тӀехь а толам баккха безаш бу.


Ашдод, шеца йолчу гӀаланашца а, ярташца а, Ӏази, шеца йолчу гӀаланашца а, ярташца а Мисар-мехкан дозанехь долчу хина тӀекхаччалц а, Дуьненаюккъерчу хӀорда тӀекхаччалц а.


ЯхӀудхоша иштта Ӏази-гӀала а, Ашкхилун а, Ӏекхран а царна гонах долчу латтанашца цхьаьна схьаехира.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios