21 И къам нуьцкъала а, дукха а дара, уьш Ӏаьнакхахой санна, лекха а бара. Везачу Эло и репахой хӀаллакбира Ӏамминхошна хьалхара. Ӏамминхой, уьш ара а баьхна, церан меттигашкахь баха хевшира.
Стенга даха деза вай? Вайн вежарша вайн дегнаш малдина: ‘И халкъ алсам ду, вайл дукха а, лекха а ду. Цигара гӀаланаш яккхий а ю, стигала кхаччал лекха чӀагӀонаш йолуш а ю. Цул совнаха, Ӏаьнакх цӀе йолчу турпалх схьабевлларш а гира тхуна цигахь’, – бохуш“.
(И латта репахойн лоруш дара, мацах цигахь репахой баьхна дела. Ӏамминхоша царах замзумхой олура.
СеӀир-лаьмнашкахь бехаш болчу Ӏесаван тӀаьхьенах болчеран дуьхьа Везачу Эло изза дира. Царна хьалха Цо хьорихой а хӀаллакбира. Ӏесаван тӀаьхьенах берш, уьш ара а баьхна, церан меттигашкахь баха хевшира. Таханлерчу дийнахь а уьш цигахь бехаш бу.
(Башан-мехкан паччахь волу ӀовгӀа репахойх тӀаьххьара висинарг вара. Цуьнан аьчка маьнга хӀинца а Ӏамминхойн кӀенташкахь бу Рабба-гӀалахь. Иза бохалла исс дол, ткъа шоралла диъ дол бара, юкъахь лелаш болчу барамашца иза буьстича.)
Шайн дела волчу Камоша делла латта шун долахь ма ду! Иштта тхо а дехар ду тхайн Везачу Дала тхайна деллачу лаьтта тӀехь!