Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 2:19 - Делан Йозанаш

19 Ӏамминхошна хьо гергакхаьчча, цаьрца мостагӀалла а ма леладе, цаьрца тӀом а ма бе. Ас Ӏамминхойн лаьттах цхьа а меттиг лур яц хьан кара. Ас и латта ЛутӀин тӀаьхьенна дӀаделла“».

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 2:19
8 Referencias Cruzadas  

ХӀинца Ӏамминхой а, муабахой а, СеӀир-ломара бахархой а тхуна тӀелеташ бу. Ткъа Мисар-махкара тхан дай арабевлла схьабогӀучу хенахь, Ахьа уьш оцу халкъийн мехкашкахула чекх ца бовлийтира. Цундела тхан дай, царах дӀа а бирзина, и халкъаш хӀаллакдаза дитинера.


ХӀара бу Муабих лаьцна болу хаам. Маржа-яӀ, цхьана буса Муабера Ӏар-гӀала, дакъаза а яьккхина, йохийна ю! Маржа-яӀ, цхьана буса Муабера Кхир-гӀала, дакъаза а яьккхина, йохийна ю!


Ӏамминхойн лаьттана, я Ябокх олучу хин йистошкахула йолчу меттигашна, я лаьмнашна тӀехь йолчу гӀаланашна, я вайн Везачу Дала ца магийначу цхьана а хӀуманна тӀе ца кхевдира вай».


Аша цаьрца тӀом ма болабелаш, хӀунда аьлча Ас церан латтанех ког тӀебиллал а латта лур дац шуна. СеӀир-лаьмнаш – иза Эдом-мохк бу – Ас Ӏесаван тӀаьхьенна дӀабеллера иза, цуьнан долахь хилийтархьама.


МостагӀалла ма доладелахь муабахошца, ма болабелахь цаьрца тӀом, хӀунда аьлча Аса оцу лаьттах зил а лур бац хьан кара. Ас ЛутӀин тӀаьхьенна дӀаелла Ӏар-гӀала, цаьрга дола дайта».


Ткъа иштта эмархойн паччахьан Сихьонан ерриг а гӀаланаш а царна дӀаеллера. Хьешбон-гӀалахь паччахьалла деш Ӏийнера Сихьон, цуьнан латта Ӏамминхойн дозанна тӀекхаччалц Ӏуьллуш дара.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios