Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 2:15 - Делан Йозанаш

15 Везачу Элан куьг царна тӀедаьхьна ма-дара, уьш хӀаллак а бина, къомана юкъара Цо берриш а дӀабаххалц.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 2:15
13 Referencias Cruzadas  

Хинкеманаш стигала хьала а дахара, юха а кӀоргачу хи чу охьа а ийгира. Кеман чохь болчеран дегнаш шелделира.


ХӀунда аьлча Везачу Элан дош билггал бакъ ду, Ша мел дечу гӀуллакхаш тӀехь тешаме ву Иза.


Шуна гур ду иза, тӀаккха шун дегнаш даккхийдеш хир ду. Заза даьккхина къона дитташ санна хир ду шу. Везачу Элан куьйгана Шен ялхой бевзар бу, амма Шен мостагӀашна оьгӀазгӀур ву Иза».


ДӀаала цаьрга: „Дийна волчу Сайх Аса чӀагӀо йо, – боху Везачу Эло, – аша бохуш долу Сайна хезнарг Аса кхочушдийр ду.


Амма царах дукхахболчарна Дела реза ца хилла, церан декъий яьссачу аренгахула дӀасадаржийна хилла.


Шуна иза хууш делахь а, шуна дагадаийта лаьа суна, Везачу Эло Мисар-махкара Шен халкъ арадаккхар а, амма тӀаьхьо халкъана юкъара Шех цатешнарш хӀаллакбар а.


Исраилан халкъо миччахь тӀом бича а, иза эшна хуьлура, хӀунда аьлча, Ша ма-аллара, Веза Эла царна дуьхьал вара. Цундела Исраилан халкъ чӀогӀа балехь дара.


ТӀаккха цара, массо а пӀелаштамхойн куьйгалхо схьа а гулвина, элира: «Исраилан мехкан Делан деза тӀорказ ша хиллачу дӀадахьийта, цо вайн мохк а, вайн адам а хӀаллакдале!» Ӏекхран-гӀалара бахархой чӀогӀа кхерабелла хилла, хӀунда аьлча церан дахар цу хенахь чӀогӀа эрчадаьлла хилла дела.


Везачу Эло дуьне гатдинера ашдодхошна. Уьш эшош таӀзар дора Цо царна, дегӀа тӀе хӀуманаш юьйлуьйтуш, Ӏазап хьоьгуьйтура. И хьал Цо Ашдод-гӀалахь хӀоттийна а ца Ӏаш, цунна уллохь йолчу яртийн бахархошка а хӀоттийнера.


Иза цига дӀа-ма-даьхьнехь, Везачу Элан куьг цига а кхечира. Нах чӀогӀа инзарбохуш, царна тӀе доккха Ӏазап хӀоьттира, массеран а дегӀа тӀе ирча хӀуманаш евлира, воккха-жима ца къастош.


Иштта дӀатебина хилла пӀелаштамхой. Уьш кхин Исраилан махкана тӀелата оьхуш а ца хилла. Шамъалан куьйгалла исраилхошна тӀехь мел ду, Везачу Эло пӀелаштамхошна тӀера Шен куьг дӀадоккхуш ца хилла.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios