Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 2:14 - Делан Йозанаш

14 Вай Кхадеш-БарнаьӀара арадевллачу хенахь дуьйна Зерад-татол долчу тогӀенехула чекхдовлучу ханна тӀекхаччалц, ткъе берхӀитта шо дӀадаьлла. Вайн къомана юкъара тӀаме дахалуш мел хилла гаранаш хӀаллакьхилла, Везачу Эло царна чӀагӀо йина ма-хиллара.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 2:14
24 Referencias Cruzadas  

Хинкеманаш стигала хьала а дахара, юха а кӀоргачу хи чу охьа а ийгира. Кеман чохь болчеран дегнаш шелделира.


Сайга кхайкхахь, жоп лур ду цунна. ГӀайгӀанехь Со цуьнца ву. Ас иза паргӀат а воккхур ву, цуьнан сий а дийр ду.


Цо кӀелхьарвоккху хьо мостагӀчун гурах а, лечу цамгарх а.


Везачу Элах хьайн гӀап йина ахь. Веза Воккханиг хьайн Ларвийриг хаьржина ахь.


Стигалш сакъералойша! Латта, даккхийде! ХӀордо а, цунна чохь мел долчу хӀумано а гӀовгӀа е!


Ас айдинчу куьйгаца цу яьссачу аренгахь чӀагӀо йира царна, уьш шуьрех а, мазах а буьзначу, уггар хазачу, Айса царна дӀабала билгалбаьккхинчу махка уьш схьабалор бац аьлла,


Мисар-махкара исраилхой арабевллачул тӀаьхьа шолгӀачу шеран, шолгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь Синай олучу яьссачу аренгахь, гуламан четар чохь, Веза Эла Мусага вистхилира. Цо элира:


Уьш, и мохк а теллина, шовзткъа де дӀадаьлча, шайн меттамотт болчу юхабирзира.


„Мисар-махкара арадаьллачу, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолчу хӀокху халкъана гур дац Аса ИбрахӀиме а, Исхьакхе а, Якъубе а, чӀагӀо а еш, лур ду аьлла долу латта, уьш кхоччуш Суна тешаме ца хилла дела.


Амма царах дукхахболчарна Дела реза ца хилла, церан декъий яьссачу аренгахула дӀасадаржийна хилла.


«Хьарибара ара а девлла, вайн Везачу Дала тӀе-ма-диллара дӀа а оьхуш, эмархойн лаьмнашна тӀе доьлхуш, шуна гиначу йоккха а, къемате кхераме а йолчу яьссачу аренгахула чекх а довлуш, вай Кхадеш-БарнаьӀе кхечира.


(СеӀир-лаьмнашкахула воьдуш, Хьарибара Кхадеш-БарнаьӀе боьду некъ дукхахьолахь цхьайтта дийнахь баллал бу.)


«Иштта, дикка хан яьккхира вай Кхадешехь».


«Везачу Эло элира: „Хьала а гӀовттий, Зерад-татол долчу тогӀенехула чекхдовла“. ТӀаккха вай чекхдевлира Зерад-татол долчу тогӀенехула.


ТӀаме дӀаэхалуш берш, берриш а хӀаллак а хилла, халкъана юкъара белла дӀабевллачу хенахь,


Шун Везачу Дала шун куьйгаша мел дечунна тӀехь шу декъалдина. Цо шун дола дина хӀокху йоккхачу а, кхерамечу а яьссачу аренгахула шу леллачу хенахь. ХӀара шовзткъа шо ду шун Веза Дела шуьца волу. Шу цхьана а хӀуманна тӀехь эшам ловш дацара.


ТӀаккха шун дай Везачу Эле маьхьарца кхайкхира. Ас шуна а, мисархошна а юккъе бода баийтира. Юха, царна тӀе хӀорд а хецна, уьш хӀаллакбира. Шун бӀаьргашна гина Ас Мисарахь динарг. Юха дуккха а хан яьккхира аша яьссачу арахь.


ЮшаӀа уьш сунтбаран бахьана хӀара дара: Мисарара халкъ арадаьллачул тӀаьхьа, тӀом балуш болу божарий яьссачу арахь новкъахь беллера.


Исраилхой шовзткъа шарахь лийлира яьссачу арахула, Мисарара арабевлла, тӀом балуш болу божарий белла дӀабовллалц. Цара Везачу Эле ла ца доьгӀнера, цундела Цо церан дайшна Ша лур ду аьлла чӀагӀо йина, шуьрех а, мазах а дуьзна токхе долу латта ган царна бакъо ца елира.


Шуна иза хууш делахь а, шуна дагадаийта лаьа суна, Везачу Эло Мисар-махкара Шен халкъ арадаккхар а, амма тӀаьхьо халкъана юкъара Шех цатешнарш хӀаллакбар а.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios