Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 2:12 - Делан Йозанаш

12 СеӀир-лаьмнаш тӀехь хьалха заманахь хьорихой хилла бехаш. Амма Ӏесаван кӀентий, уьш дӀа а лаьхкина, шайна гучуьра дӀа а баьхна, церан меттигашкахь баха хевшина. Исраилхоша а изза динера Везачу Эло шайн дола деллачу лаьттах.)

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 2:12
8 Referencias Cruzadas  

СеӀир-лаьмнашкахь Ӏаш болу хьорихой а, яьссачу аренца доза долчу Эл-Парана тӀекхаччалц долу къаьмнаш эшийра.


«Везачу Эло элира: „Хьала а гӀовттий, Зерад-татол долчу тогӀенехула чекхдовла“. ТӀаккха вай чекхдевлира Зерад-татол долчу тогӀенехула.


СеӀир-лаьмнашкахь бехаш болчу Ӏесаван тӀаьхьенах болчеран дуьхьа Везачу Эло изза дира. Царна хьалха Цо хьорихой а хӀаллакбира. Ӏесаван тӀаьхьенах берш, уьш ара а баьхна, церан меттигашкахь баха хевшира. Таханлерчу дийнахь а уьш цигахь бехаш бу.


ТӀаккха Сихьон-паччахь шен мел долчу эскарца вайна дуьхьалгӀаьттира ЯхӀац-гӀалина уллохь хиллачу тасадаларехь.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios