10 (Хьалха цигахь эймимахой баьхнера. И къам нуьцкъала а, алссам а дара. Иза, турпалш болу Ӏаьнакхахой санна, лекха къам дара.
ДейтталгӀачу шарахь Кедирал-Ӏумар а, цуьнца болу паччахьаш а тӀамца царна дуьхьал а бевлла, Ӏаштерот-Кхарнаимехь репаш цӀе йолу къам а, Хьамехь зузамхой а, Шаве-Кхиръятимехь эймимахой а,
Турпалш болчу репахойн гаранах волчу Ишби-Банубан гоьмукъ хилла, цӀестан йолу юьхьиг кхо бӀе шекхалал еза а йолуш. Цуьнан керла тур а хилла. Ишби-Бануб Дауд вен гӀерташ хилла.
Цара, дӀа а бахана, Цин-яьссачу арара дуьйна Хьамат-Ӏинна юххехь йолчу Рахьуб-гӀалина тӀекхаччалц и мохк теллира.
Стенга даха деза вай? Вайн вежарша вайн дегнаш малдина: ‘И халкъ алсам ду, вайл дукха а, лекха а ду. Цигара гӀаланаш яккхий а ю, стигала кхаччал лекха чӀагӀонаш йолуш а ю. Цул совнаха, Ӏаьнакх цӀе йолчу турпалх схьабевлларш а гира тхуна цигахь’, – бохуш“.
Ӏаьнакхахой санна, уьш а репахой лорура, ткъа муабахоша царах эймимахой олуш хилла.