1 «Юханехьа а дирзина, яьссачу аренга а девлла, Эрзийн хӀордехьа боьдучу новкъахула дӀадахара вай, Везачу Эло соьга схьа-ма-аллара. СеӀир-лаьмнашна го туьйсуш, дуккха а хан яьккхира вай.
Ӏамалекхахой а, канаӀанхой а тогӀи чохь Ӏаш бу. Кхана, юха а дерзий, яьссачу ара, ЦӀечу хӀорда тӀе, дӀагӀо».
ХӀор-лома тӀера ЦӀечу хӀорда тӀе боьдучу новкъахула дӀабахара уьш, Эдоман махкана уллохула ца бовлархьама. Новкъахь нехан собар кхачийра.
(СеӀир-лаьмнашкахула воьдуш, Хьарибара Кхадеш-БарнаьӀе боьду некъ дукхахьолахь цхьайтта дийнахь баллал бу.)
Ткъа шу, дӀа а дерзий, Эрзийн-хӀордана тӀе боьдучу новкъахула яьссачу аренга дӀагӀо.
Шун берашна ца гина Цо мисархойн эскарх, говрех, гӀудалкхех динарг. Уьш ерриш а Эрзийн хӀорда чохь дӀахьулйинера Цо, уьш шуна тӀаьхьабевллачу хенахь. Таханлерчу денна тӀекхаччалц Везачу Эло уьш хӀаллакбина латтийра.
Цул тӀаьхьа Везачу Эло соьга иштта элира:
Цул тӀаьхьа Исраилан халкъ яьссачу аренгахула дӀадахара, эдомхойн а, муабахойн а латтанашна гобоккхуш тӀех а долуш. Уьш муабахойн лаьттан малхбалехьа йолчу меттехь, Арнон-хин йистехь, севцира. Муабахойн лаьттана тӀе ца бевлира уьш, хӀунда аьлча церан лаьттан доза Арнон-хица дара.