Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 19:8 - Делан Йозанаш

8-9 Шун Везачу Дала, шун дайшна ваӀда ма-дарра, шун долахь болу мохк алсамбаьккхича, шун дайшка Ша йинчу чӀагӀоне хьаьжжина, Цо дерриге а латта шуна дӀаделча, кхин а кхо гӀала дӀакъастае. (Дала и латта лур ду шуна, нагахь санна тахана ас тӀедуьллуш долу хӀара дерриге а весеташ аша леррина кхочушдахь – нагахь санна шун Веза Дела шуна везахь, шаьш мел деха Цуьнан некъашца шу лелахь.)

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 19:8
9 Referencias Cruzadas  

Лаьттара ченан буьртигаш санна, дукха тӀаьхьенаш хир ю хьан, уьш дӀасаяьржар ю малхбалехьа а, малхбузехьа а, къилбаседехьа а, къилбехьа а. Дуьнен чуьра массо а халкъаш хьоьгахула а, хьан тӀаьхьенехула а декъал хир ду.


Эпрат-хин тӀера дӀадоладелла пӀелаштамхойн махкана тӀекхаччалц а, Мисар-мехкан дозане кхаччалц а йолчу меттигашкарчу массо а паччахьна тӀехь олалла дора Сулим-паччахьо. Оцу пачхьалкхаша Сулим-паччахь дӀакхалхалц массо а тайпана сурсаташ а, кхин долу хьал а латтадора, гӀуллакх а дора цунна.


Ярушалаймехь чӀогӀа нуьцкъала паччахьаш хилла. Цара шаьш паччахьаллехь болчу хенахь цу гӀалахь а, Эпрат-хина малхбузехьа йолчу агӀонгахь мел долчу латтанаш тӀехь а куьйгалла дина, цу нахе ясакх токхуьйтуш а хилла, цаьргара ял схьагулъеш а хилла.


Хьан дозанаш Ас тухур ду Эрзийн хӀорда тӀера ПӀелаштам-хӀорда тӀе кхаччалц, яьссачу арара Эпрат-хина тӀе кхаччалц. Цу мехкан къаьмнаш хьан кара лур ду Ас, тӀаккха уьш шаьш долчуьра лохкур ду ахьа.


Ас, хьуна хьалхара халкъаш дӀа а лаьхкина, хьан мехкан дозанаш шордийр ду, цхьа а хьан лаьтта тӀе кхевдар вац, шарахь кхузза хьайн Везачу Далла хьалха хьо вогӀуш волчу хенахь.


Шун Везачу Дала, Ша шуьга ма-аллара, шун дозанаш шордича, аша иштта аьлча: „Жижиг даа лаьара тхуна“, – шайна ма-дезза жижиг даа мегар ду.


Цундела дина ас хӀара омра: „Шайна кхо гӀала дӀакъастае“, – аьлла.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios