Карлабаьккхинарг 19:7 - Делан Йозанаш7 Цундела дина ас хӀара омра: „Шайна кхо гӀала дӀакъастае“, – аьлла. Ver Capítulo |
Шун Везачу Дала, шун дайшна ваӀда ма-дарра, шун долахь болу мохк алсамбаьккхича, шун дайшка Ша йинчу чӀагӀоне хьаьжжина, Цо дерриге а латта шуна дӀаделча, кхин а кхо гӀала дӀакъастае. (Дала и латта лур ду шуна, нагахь санна тахана ас тӀедуьллуш долу хӀара дерриге а весеташ аша леррина кхочушдахь – нагахь санна шун Веза Дела шуна везахь, шаьш мел деха Цуьнан некъашца шу лелахь.)