Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 19:4 - Делан Йозанаш

4 Шен са кӀелхьардаккхархьама, оцу гӀаланех цхьаьнга ведда волчу адам дийначу стагах лаьцна долу весет иштта ду. И санна волчу стага ларамаза шена уллораниг вийна хила веза, велларг валале хьалха цуьнца мостагӀалла а доцуш.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 19:4
12 Referencias Cruzadas  

Цул тӀаьхьа Якъуба тидам бира Лабан шеца хьалха санна ца хилар.


ТӀаккха зудчо элира: «Сан паччахь, хьайн Везачу Делан цӀарах дош лохьа суна, чӀир лоьхучара, сан кӀант вен а вийна, цӀий Ӏанор сов доккхур дац алий». Дауда элира: «Дийна волчу Везачу Элах дуй боу ас, хьан кӀентан коьртара цхьа чо а галбер бац аьлла».


ДӀаяханчу хенахь, Шаул паччахь волуш дуьйна а, тӀамехь исраилхой кӀелхьарбохура ахьа. Хьан Везачу Дала элира хьоьга: „Дауд, хьо хир ву Сан Исраилан халкъан Ӏу. Хьо хир ву Сан Исраилан халкъан баьчча“».


Дукха хенахь дуьйна Тупат цӀе йолу меттиг кечйина ю, цигахь цӀе латорхьама. И меттиг Ашуран паччахьна лерина ю. Иза кӀорга а, шуьйра а ю. Цу цӀерга туьллуш алссам дечиг ду, иза йоккха хилийта. Везачу Эло мох тоьхча, саьмгал санна, хьалалетар ю иза.


И гӀаланаш бекхам лоьхучух дӀалачкъа йиш йолу меттигаш хир ю, стаг вийнарг халкъана хьалха кхел ечу хенал хьалха ца вейтархьама.


Везачу Эло Мусага элира:


Шайн Везачу Дала шайн дола луш долчу лаьттах кхо дакъа а де, хӀора декъа чохь дӀакъастийна йолчу гӀалина тӀедоьлху некъаш а де, адам дийна волчу муьлххачу а стеган цига дӀавада аьтто хилийтархьама.


Масала шух шиъ хьуьнах вогӀу дечиг даккха, ткъа дитт хадо хьалхарчу стага диг хьалаайича, оцу дагаро, даганна тӀера а даьлла, шолгӀачу стагана тӀе а кхетта, иза вен тарло. ДӀалочкъийла йолчу гӀаланех цхьанхьа дӀавада мегар ду адам дийна волу иштта стаг, дийна висархьама.


И гӀаланаш кхоъ ца хилча, некъ беха хиларна чӀир йоькхучо, ша оьгӀазвахханчохь, стаг вийначунна тӀаьхьа а ваьлла, цунна тӀе а кхаьчна, иза вен тарло. Делахь а, оцу стагана вен кхел ца йогӀу, иза хьалха оцу веллачуьнца мостагӀалла долуш ца хилла дела.


Хьалха шеца мостагӀалла хилла воцу стаг ларамаза вийнарг цига дӀавада мегар ду. Царах цхьана гӀалахь дӀалачкъа йиш хир яра цуьнан, дийна висархьама.


Амма шуна а, тӀорказна а юккъехь йолу меттиг цхьа эзар гӀулч барам болуш хила еза. Цунна улло ма гӀо, шайна тӀаьхьадаха некъ хаийтархьама, хӀунда аьлча кху новкъахула шу кхул хьалха даьхкина дац».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios