Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 19:3 - Делан Йозанаш

3 Шайн Везачу Дала шайн дола луш долчу лаьттах кхо дакъа а де, хӀора декъа чохь дӀакъастийна йолчу гӀалина тӀедоьлху некъаш а де, адам дийна волчу муьлххачу а стеган цига дӀавада аьтто хилийтархьама.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 19:3
8 Referencias Cruzadas  

Коьрта некъ а хир бу цигахь, цунах «Деза долчун некъ» эр ду. Хьарам берш цу новкъахула гӀур бац, сонта берш цунна тӀехь кхерстар бац. Делан новкъахула леларш бен, уьш бен цу новкъахула лелар бац.


Везачу Эло элира: «Хьалаайина некъ богӀа! Кеч а бе, дӀа а нисбе некъ. ДӀаяккха Сан халкъана хьалхара дуьхьало».


Схьадуьйла, кевнах чекхдовла! Халкъана некъ кечбе! Хьалаайина бе и некъ! Оьшуш доцу тӀулгаш дӀадаха! Хьалаайа байракх къаьмнашна!


ТӀаккха шун Везачу Дала шуна дӀалуш долчу шайн лаьттана юккъехь шайна кхо гӀала дӀакъастае.


Шен са кӀелхьардаккхархьама, оцу гӀаланех цхьаьнга ведда волчу адам дийначу стагах лаьцна долу весет иштта ду. И санна волчу стага ларамаза шена уллораниг вийна хила веза, велларг валале хьалха цуьнца мостагӀалла а доцуш.


«Шун Везачу Дала шуна кхочуьйтур долчу лаьтта тӀе а даьхкина, и латта шайн дола а даьккхина, шу цигахь даха охьахевшича,


Веза Эла шу бахьана долуш суна оьгӀазваханера. Цо чӀагӀо йинера, со Йордан-хина дехьа а вер вац, шун Везачу Дала шун дола луш долчу оцу беркатечу лаьтта а вер вац аьлла.


Нийсачу новкъахула лела, астагӀа лелхарш гал ца бовлийта, мелхо а тобалийта.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios