Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 19:19 - Делан Йозанаш

19 тӀаккха шен къомах волчунна дан цунна дагадеанарг цунна а делаш. Шайна юкъара зулам иштта дӀадаккха.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 19:19
13 Referencias Cruzadas  

Харцтоьшалла динарг таӀзар ца деш вуьсур вац, аьшпаш буттург а маьрша паргӀатвер вац.


Харцтоьшалла динчунна таӀзар дийр ду, ткъа харцдерг дуьйцуш верг а хӀаллакьхир ву.


Цундела Веза Эла волчу Аса Сайн цӀарах хаамаш беш болчу цу харцпайхамарех лаьцна боху: уьш Аса баийтина бац. Цара Соьгара долуш санна боху, хӀокху лаьтта тӀе, герз карахь а долуш, мостагӀий богӀур бац, иштта кхузахь мацалла а хӀуттур яц. Ткъа и пайхамарш тур а, мацалла а бахьана долуш лийр бу.


Паччахьо омра дира, Даниал бехке вина болу и нах а, церан бераш а, церан зударий а, схьа а балабай, ор чу кхийса аьлла. Орана буха а кхачале, лоьмашна карабахара уьш. ТӀаккха цара, даьӀахкаш а кегъеш, хӀаллакбира уьш.


Цул тӀаьхьа Дари-Ваша-паччахьо дуьнен чохь дехаш долчу массо а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а болчу нахе яздира: «Шу маьрша дехийла!


Ткъа и пайхамар я и гӀенаш гург Ӏожаллин кара дӀало, шу Мисар-махкара арадаьхначу а, лоллин цӀийнара паргӀатдаьхначу а шайн Везачу Делах шу дӀадерзийтархьама къамелаш ишттачу наха до дела. Ткъа царна шу галдаха ма лаьа шун Везачу Дала весет дина болчу некъа тӀера. Шайна юкъара зулам иштта дӀадаккха.


Хьан ваша, я хьан кӀант, я хьан йоӀ, я хьан хьоме зуда, я хьан доттагӀа, хьуна хьайн са санна везаш волу, къайлаха хьо леван гӀорта мега: „Вало, кхечу деланашна гӀуллакх деш лелар ду вай“, – бохуш. Делахь а, хьуна а, хьан дайшна а бевзина ца хилла и деланаш.


Тоьшалла деш болчеран куьйгаш массерачул а хьалха хьалаайина хила деза и стаг вен, цул тӀаьхьа дерриге а халкъо царна тӀулгаш кхисса деза. Шайна юкъара зулам иштта дӀадаккха.


Иза кхечарна дӀахезар ду, тӀаккха уьш кхералур бу, иштта зулам шуна юкъахь кхин долуьйтур дац.


тӀаккха иза цуьнан ден цӀийнан неӀаре схьаяло еза, гӀалин бахархоша цунна тӀулгаш кхуьссур ду иза яллалц, исраилхошна юкъахь цо эхье гӀуллакх лелийна дела: шен ден цӀахь йоллушехь, нахаца лелла иза. Шайна юкъара зулам иштта дӀадаккха.


и ший а оцу гӀалин кевне схьадаладе. Уьш баллалц царна тӀулгаш кхисса: йоӀ е, цо гӀалахь мохь ца хьекхна дела, ткъа стаг ве, цо кхечу стеган зуда сийсазъяьккхина дела, ткъа стагана – цо шен уллорачун зуда сийсазъяьккхина дела. Шайна юкъара зулам иштта дӀадаккха.


Нагахь санна шен къомах волу исраилхойн стаг цхьаммо лачкъа а вина, цунах лай а вина, иза воьхкинехь, иштта волу къу вен веза. Цу тайпана дӀадаккха шайна юкъара зулам.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios