Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 19:15 - Делан Йозанаш

15 Нагахь санна муьлхха а къа латорна тӀехь я зулам дарна тӀехь стаг бехкевеш велахь, цхьа теш хилар ца тоьу. ХӀорра а бехкевар шина я кхаа тоьшалла дечеран багахула бен чӀагӀдийр дац

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 19:15
12 Referencias Cruzadas  

Ткъа цунна дуьхьал ши зуламхо охьа а хаавай, цунна дуьхьал тоьшалла а деш, цаьрга дӀаалийта: „Ахьа Дела а, паччахь а емалвеш хӀума элира“. ТӀаккха гӀалара ара а ваккхий, валлалц тӀулгаш кхисса цунна тӀе».


ТӀаккха ши зуламхо, цунна дуьххьал охьа а хиъна, оцу халкъана хьалха шайн тоьшаллаш дан вуьйлира. Цара бохура: «Набутис Дела а, паччахь а емалвеш хӀума элира». Цара Набути гӀалара ара а ваьккхина, цунна тӀе тӀулгаш а кхиссина, иза вийра.


Стаг мел вийнарг тешаша динчу тоьшаллица бен вен ца веза. Амма стаг вен кхел ярхьама, теш цхьаъ хилла Ӏан ца веза.


Амма цо хьоьга ла ца догӀахь, хьайца цхьаъ я шиъ стаг валаве, хӀунда аьлча Йозанаша ма-бохху: „ХӀорра а бехкевар шина я кхаа тоьшалла дечеран багахула чӀагӀдийр ду“.


«Вайн товрат-хьехамо стаге ла а догӀале, цо хӀун леладо а хаале, кхел йо боху ткъа?»


Шун товрат-хьехамна тӀехь а яздина ду, шина стага дина тоьшалла бакъ ду аьлла.


Со кхозлагӀа а вогӀу шу долчу. Делан Йозанаша боху: «ХӀорра а бехкевар шина я кхаа тоьшалла дечеран багахула бен чӀагӀдийр дац».


Шина я кхаа тешо динчу тоьшаллица бен и бехкеверг вен ца веза. Стаг вен кхел ярхьама, теш цхьаъ хилла Ӏан ца веза.


Динан тобанан тхьамда бехкевар шиъ я кхоъ теш волуш бен тӀе ма лаца.


Муса-пайхамаран товрат-хьехамаш талхийнарг къинхетам боцуш вуьш ву, нагахь шиъ я кхоъ теш велахь.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios