Карлабаьккхинарг 19:13 - Делан Йозанаш13 Шун бӀаьргашна къа ма хетийла цунах. Бехк боцучу стеган цӀий Ӏанор дӀадаккха исраилхошна юкъара, шуна дика хилийтархьама». Ver Capítulo |
ХӀинца сан мел волу гергара стаг хьан ялхо йолчу суна дуьхьалваьлла. Цара соьга боху: „Схьало тхоьга шен ваша вийна волу хьайн кӀант. Цо ваша вер бахьана долуш, оха иза вуьйр ву, тӀаьхьенах диснарг кхочун дерг а хӀаллаквийр ву“. Цара шаьш бохург дахь, сан доьзалан хӀу довр ду, сан майрачун хӀокху дуьнен чохь цӀе а, тӀаьхье а юьсур яц».