Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 19:1 - Делан Йозанаш

1 «Шун Веза Дела шуна схьалуш долчу лаьтта тӀера къаьмнаш хӀаллакдина ваьлча, аша церан латта шайн дола доккхур ду, церан гӀаланашкахь а, цӀеношкахь а даха а ховшур ду шу.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 19:1
11 Referencias Cruzadas  

Нагахь ларамаза стага цхьаъ вийнехь, ткъа Дала иза магийтинехь, бехкениг Ас аьн долчу метте ведда дӀаваха веза.


оцу гӀаланашна юкъара шайна цхьаерш стагана дӀалачкъа гӀаланаш санна харжа. Ларамаза стаг вийнарг цига дӀавада мега.


Везачу Эло Мусага элира:


«ХӀорш ду шун дайн Дела волчу Везачу Эло шуна дӀалуш долчу лаьтта тӀехь шу мел деха шуьга кхочушдайта делла парзаш а, тӀедехкинарш а.


«Шайн дола даккха шу чугӀуртучу лаьтта тӀера халкъаш шун Везачу Дала дӀадаьхча, аша уьш цигара дӀа а лаьхкина, церан лаьтта тӀехь шу даха охьахевшича,


«Шайн Везачу Дала шайна луш долчу лаьтта тӀе а даьхкина, латта шайн дола а даьккхина, цигахь шаьш даха хевшича, аша иштта ала мега: „Ваьшна тӀехь паччахь дӀахӀоттаве вай, вайна гонах долчу халкъаша ма-хӀоттаварра“.


«Шайн Везачу Дала шун дайшна, ИбрахӀимна, Исхьакхана, Якъубана, шуна дӀадала ваӀда динчу лаьтта тӀе гӀур ду шу. Шуна луш долчу лаьтта тӀехь аша йина йоцу яккхий а, дика а гӀаланаш ю.


Шуна луш долчу лаьтта тӀехь аша дуьзна доцу, оьшуш мел долчух дуьзна долу цӀенош а, аша яьхна йоцу гӀунаш а, аша кхиийна йоцу кемсийн а, зайт-диттийн а бошмаш а хир ю. Оцу лаьтта тӀехь Ӏаббал баа кхача шайна хилахь,


Везачу Эло ЮшаӀе элира:


Аш тӀехь къа ца хьегна латта делла Ас шуна, аш ца йина гӀаланаш елла, царна чохь Ӏаш ду шу хӀинца. Шаьш йийна йоцчу кемсийн а, зайт-диттийн а бошмашкара стоьмаш боу аша“».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios