Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 18:8 - Делан Йозанаш

8 вукху левихоша санна, цхьатерра дакъа схьаэца йиш ю цуьнан, шен ден бахам боьхкина эцначул совдаьккхина».

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 18:8
11 Referencias Cruzadas  

Ярушалаймехь дехачу халкъана паччахьо тӀедиллира динан дайшна а, левихошна а догӀуш долу ялтин а, сурсатийн а дакъа дӀадалар, цаьрга Везачу Элан товрат-хьехамаш кхочушбан ойла хилийтархьама, кхечунна тӀедерза а ца дезаш.


Цу дийнахь билгалбехира чӀоьнаш карахь долу нах. ХӀора доьзало деш долу совгӀаташ – дуьххьара схьабевлла болу стоьмаш а, ялтин уьтталгӀа долу дакъа а – цу чӀоьнаш чохь лардан дезаш дара. ГӀаланашна гонах долчу кхаш тӀера цара чӀоьнаш чу схьадан дезаш дара товрат-хьехамаша динан дайшна а, левихошна а лерина долу дакъош, хӀунда аьлча яхӀудхой чӀогӀа хазахетта бара цигахь гӀуллакх дечу динан дайшна а, левихошна а.


Зурбабелан а, Нахьми-ЯхӀун а заманахь массо а исраилхоша илланчашна а, кевнехь болчу гӀаролхошна а хӀора денна лерина долу рицкъа схьадахьара Делан цӀийнан керта. Халкъо левихошна дӀалора царна догӀуш долу дакъа, ткъа цунах АхӀаронан тӀаьхьенна догӀуш долу дакъа левихоша оцу тӀаьхьене дӀакхачадора.


Лаьттах схьадаьллачу ялтин а, дитташ тӀехь кхиъначу стоьмийн а уьтталгӀа дакъа Везачу Элан ду. Иза Везачу Элан долахь бен дац.


Ша деанчу хӀуманех цхьацца Везачу Элана лерина хилийта еза цо. Бертан сагӀин цӀий тухучу динан дена дуьсу иза.


Халкъо ша схьадаьккхинчух Суна схьалуш долу дерриге а уьтталгӀа дакъош Аса левихошна дӀало, цара гуламан четарца доьзна долу гӀуллакх деш хиларна.


Оцу цӀа чохь Ӏе, шайна схьаделларг даа а дууш, мала а молуш, хӀунда аьлча къахьоьгуш долу шу хьакъ ду нахера ял схьаэца. ХӀусамаш ма хийца.


Цигахь Везачу Элана Ӏамал еш болу шен вежарий левихой санна, шен Везачу Далла гӀуллакх деш иза велахь,


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios