Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 18:3 - Делан Йозанаш

3 Стерчий я уьстагӀий сагӀина деанчу наха динан дайшна дӀаяла еза цу дийнатийн хӀара меженаш: тӀа а, мочхалш а, искиртиг а.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 18:3
7 Referencias Cruzadas  

Вазваран коьмах АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а лерина дакъош схьакъастаде Суна: хьалаайина накха а, гӀогӀ а.


ТӀейогӀу йолчу хенахь исраилхоша гуттар а АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а дӀалун долу дакъош хир ду уьш. И сацам Ас гуттаренна а бина. И дакъош исраилхоша Суна луш долу совгӀат ду, цара бертан сагӀанаш дохучу хенахь.


Малх чубуьзча, иза цӀена хир ву, тӀаккха цо сагӀанех йолу хӀума яа мегар ду, хӀунда аьлча иза цуьнан кхача бу.


Исраилан халкъо, хьала а айина, шатайпа сагӀа санна, Суна лерина деана совгӀаташ а дерриг а хьан хир ду. Иза Аса хьуна а, хьан кӀенташна а, йоӀаршна а гуттаренна а дӀало. Хьан доьзалехь цӀена волчу хӀораммо а даа мегар ду иза.


Иштта, уггаре а тоьлла долу дерриге а зайтдаьтта а, дерриге а керла даьккхина долу чагӀар а, Суна, Везачу Элана, лерина халкъо дахьаш долу кӀа а, цо дуьххьара схьагулдечу сурсатех деанарг а Аса хьуна дӀало.


Дийнаташ дагоран сагӀанийн жижиг а, цӀий а шайн Везачу Делан сагӀа доккхучу кхерчана тӀехь даха дезаш ду. Кхидолчу сагӀанийн цӀий хьайн Везачу Делан сагӀа доккхучу кхерчана уллохь дӀаӀано дезаш ду, ткъа оцу сагӀанийн жижиг аша даа мегар ду.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios