11 адамийн синош тӀедоьхуш верг, молханаш лелош верг, беллачу нахаца къамел дан гӀерташ верг.
Жинашца тайнарг дийна ма йита.
Шуьга иштта эр ду: «Шабар-шибар деш болчу жинашца тайначех а, эвлаяэх а дагадийла. Халкъ шен деланех дагадала дезаш дац ткъа? Дийначийн дуьхьа беллачех дага ца довлу ткъа?»
Шеца цӀий долу жижиг ма даа. Пал а ма тийса, бозбунчалла а ма леладе.
Беллачийн синош тӀедоьхучарна а, жинашца тайначарна а тӀе ма эха, цаьрга шаьш Далла хьалха боьха ца дайта. Со шун Веза Дела ву.
Нагахь стага я зудчо беллачийн синош тӀедоьхуш я пал туьйсуш хилахь, уьш байа беза. Царна тӀулгаш кхисса деза, церан цӀий царна тӀехь ду“».
Суна тешаме а боцуш, беллачийн синош тӀедоьхуш волчунна а, жинашца тайначунна а тӀеоьхуш болчарна дуьхьал Ас сайн оьгӀазло яссор ю, уьш шайн халкъана юкъара дӀа а эккхор бу.
Цкъа доӀа дечу метте тхо дӀадоьлхучу хенахь новкъахь тхуна дуьхьалкхийтира цхьа йоӀ-ялхо. Хиндерг хоуьйтуш жин дара цунна чохь. Шен хӀусамдайшна боккха пайда бахьара цу ялхочо, нахана хиндерг а дуьйцуш.
Шена тӀера бедарш дӀа а яьхна, кхин бедарш тӀеюьйхира Шаула. Иза, кхин ши стаг а волуш, буьйсанна и зуда йолчу вахара. Шаула цуьнга элира: «Аса дехар до хьоьга, суна пал а тасий, аса хьайга вийцинарг со волчу схьакхайкхахьара ахьа».