Карлабаьккхинарг 18:10 - Делан Йозанаш10 Шайна улло ма вита шен кӀант я йоӀ цӀергахь дагош верг, пал тосуш верг, жинашца тайнарг, эвлаяъ, бозбунчалла лелош верг, Ver Capítulo |
Уьш дӀабирзира Везачу Элан парзех а, церан дайшца Цо бинчу бартах а. Цара ла ца дуьйгӀира Везачу Эло шайга, дӀахьедар а деш, аьллачуьнга. Цара цӀу-деланашна Ӏибадат дора, уьш хӀумма а йоцург боллушехь, цу тайпана шаьш а хӀумма а боцурш а хилла. Шайна гонах долу къаьмнаш санна бехаш бара исраилхой, Везачу Эло шайга, весет а деш, аьлла доллушехь: «Ма делаш цара дийриг».
Юши-ЯхӀу-паччахьо хӀаллакбира ЯхӀуд-махкахь а, Ярушалаймехь а беллачийн синош тӀедоьхуш берш а, жинашца тайнарш а, цӀахь болу цӀуш а, кхиболу цӀуш а, массо а кхидолу дегаза хӀуманаш а. Юши-ЯхӀу-паччахьо дира и дерриге а, Везачу Элан цӀа чохь динан да волчу Хьалкхи-ЯхӀуна карийначу товрат-хьехамийн тептар тӀера тӀедехкинарш кхочушдархьама.
«Со шуна гергакхочур ву кхел ян. Аса сихха тоьшалла дийр ду бозбунчашна а, кхечуьнца лелачарна а, харц дуйнаш кхуллучарна а, тӀелаьцначу белхалочунна йогӀу ял дӀалуш боцучарна а, йисинчу зудчунна а, бо берана а гӀело ечарна а, тӀевеанарг дӀатоьттуш болчарна а, Соьга ларамах буьзна боцучарна а дуьхьал», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.