Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 17:9 - Делан Йозанаш

9 Левихой болчу динан дайшна а, оцу деношкахь кхел еш хир волчу кхелахочунна а тӀе а гӀой, цаьрга хатта, тӀаккха цара эр ду шуьга кхел нийса муха ян еза.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 17:9
15 Referencias Cruzadas  

Ицхьаран тӀаьхьенах болу Ханан-ЯхӀу а, цуьнан кӀентий а билгалбехира Делан цӀийнан арахьара гӀуллакхаш дан. Уьш исраилхошна тӀехь сардалш а, кхелахой а бара.


Царна юкъахь къовсам баьлла хилча, ас царах бакъверг а, воцург а къаставо. Цул совнаха, Дала тӀедехкинарш а, Цуьнан парзаш а довзуьйту ас царна».


Нагахь къу кара ца вахь, лулахочо, Далла хьалха а веана, шега еллачу хӀуманашна ша тӀе ца кхевдина аьлла, чӀагӀо ян еза.


ТӀаккха цхьаболчара элира: «Дуьйло, Ярми-ЯхӀуна дуьхьал барт бийр бу вай! Товрат-хьехам тхуна Ӏамочу динан дайн а, хьехамаш бечу хьекъалчийн а, Делера болу хаам бечу пайхамарийн а цатоар цкъа а хир дац. Вало, Ярми-ЯхӀуна дуьхьал бехкаш далор ду вай, цуьнан дешнаш тергал а дийр дац вай».


Дов даьллачу хенахь динан дай цигахь кхелахой санна хила беза, ткъа Сан нийсоне хьаьжжина кхел ян а еза цара. Билгалдаьхначу динан массо а дезачу деношкахь Сан товрат-хьехамаш а, парзаш а лардан деза цара, иштта Суна леринчу шоьтан денойн дозалла а лардан деза цара.


«Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: „Товрат-хьехамах лаьцна динан дайшка хаттарш а де, иштта дӀа а ала:


«Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: „Нагахь санна Сан некъашца хьо лелар велахь, нагахь санна Сан парзаш ахь лардахь, Сан цӀенна тӀехь куьйгалла деш а хир ву хьо, Сан керташна тӀехьожуш а хир ву. Ас хьуна бакъо лур ю Со волчу ван, кхузахь лаьтташ берш Со волчу ма-бахккара.


ХӀунда аьлча динан ден багано Делах лаьцна хааделларг лардан деза, ткъа адамаша цуьнга шайна хьехамаш байта беза, динан да массо а ницкъийн Везачу Элан геланча волу дела.


«Шун Везачу Дала шайна лур йолчу массо а гӀаланашкахь шайн-шайн тайпанийн латтанашкахь кхелахой а, тӀехьовсурш а дӀахӀиттабе. Иза де цаьрга халкъана тӀехь нийса кхел яйтархьама.


И гӀуллакх Везачу Эло къастор йолчу меттехь, цара ма-аллара, чекх а даккха, цара шайна хьехнарг дерриг а кхочушдан а хьажа.


Цул тӀаьхьа левихой болу динан дай тӀебахка беза, хӀунда аьлча муьлхха а къовсаме долу гӀуллакх а, муьлхха а ницкъбар а церан сацамца къасто деза. Уьш шун Везачу Дала къастийна бу Шена гӀуллакх дайта а, Везачу Элан цӀарах декъалдарш дайта а.


«Нагахь санна адамашна юкъахь къовсаме даьлла хӀума делахь, уьш кхеле озо беза. Цигахь бехке воцург бакъван веза, бехке волчунна кхел ян еза.


Цара Хьан тӀедехкинарш Якъубан тӀаьхьенна Ӏамадо, ткъа Хьан товрат-хьехам исраилхошна Ӏамабо. Хаза хьожа йогӀу хӀума цара Хьуна хьалха охьаюьллу, Хьан сагӀа доккхучу кхерча тӀехь дийнаташ дагоран сагӀанаш доху.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios