Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 17:5 - Делан Йозанаш

5 аша и зулам дина волу стаг я зуда гӀалин кевнашна арахула тӀе а валавай, иза валлалц цунна тӀе тӀулгаш кхисса.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 17:5
13 Referencias Cruzadas  

иза кхел ян дезаш долу зулам хир дара, лакхарчу Далла ас тешнабехк бийр бара.


Бежанца дӀавижнарг ве.


«ДӀаала исраилхошка: „Исраилхойх я цаьрца тӀевеана Ӏаш волчух цхьаммо шен бераш Мулка-далла дӀалахь, и стаг вен веза. Дерриг а халкъо цунна тӀулгаш кхисса деза.


«Далла луьйш хилла волу стаг меттаматтал арахьа ваккха. Цо дийцинарг хезначара цуьнан коьрта тӀе куьйгаш дахка, массо а халкъо цунна тӀулгаш кхисса.


Везачу Элан цӀе емалъеш верг вен веза. Дерриг а халкъо цунна тӀе тӀулгаш кхисса деза. ТӀевеана стаг я махкахо Везачу Элан цӀе емалъеш велахь, иза вен веза.


Ткъа и пайхамар я и гӀенаш гург Ӏожаллин кара дӀало, шу Мисар-махкара арадаьхначу а, лоллин цӀийнара паргӀатдаьхначу а шайн Везачу Делах шу дӀадерзийтархьама къамелаш ишттачу наха до дела. Ткъа царна шу галдаха ма лаьа шун Везачу Дала весет дина болчу некъа тӀера. Шайна юкъара зулам иштта дӀадаккха.


ткъа шуьга царах лаьцна хаам а беана, шуна иза схьахазахь, аша и гӀуллакх леррина талла деза. Нагахь санна и дегаза хӀума исраилхошна юкъахь далийтина хилар билггал бакъ хилахь,


Цул тӀаьхьа цуьнан гӀаларчу бахархошка иза валлалц цунна тӀулгаш кхиссийта. Шайна юкъара зулам иштта дӀадаккха. Иза дӀа а хезна, берриг а исраилхой кхералур бу».


тӀаккха иза цуьнан ден цӀийнан неӀаре схьаяло еза, гӀалин бахархоша цунна тӀулгаш кхуьссур ду иза яллалц, исраилхошна юкъахь цо эхье гӀуллакх лелийна дела: шен ден цӀахь йоллушехь, нахаца лелла иза. Шайна юкъара зулам иштта дӀадаккха.


и ший а оцу гӀалин кевне схьадаладе. Уьш баллалц царна тӀулгаш кхисса: йоӀ е, цо гӀалахь мохь ца хьекхна дела, ткъа стаг ве, цо кхечу стеган зуда сийсазъяьккхина дела, ткъа стагана – цо шен уллорачун зуда сийсазъяьккхина дела. Шайна юкъара зулам иштта дӀадаккха.


ЮшаӀа элира: «Ахь тхуна бохам бина дела, Везачу Эло тахана бохам хьуна а бо». Берриг а исраилхоша, тӀулгаш а кхиссина, Ӏахан а, цуьнан доьзал а хӀаллакбира. Юха уьш а, церан бахам а цӀергахь багийра цара.


Шена дуьхьалбевллачаьрга Юаша элира: «Шу БаӀална тӀехӀотта гӀерташ ду, иза кӀелхьарваккха гӀерташ ду шу? Ӏуьйре тӀекхачале цунна тӀехӀоьттинарг вала везаш ву. БаӀал дела велахь, иза ша къовсавала веза, хӀунда аьлча йохийна йолу сагӀа доккху меттиг цуьнан ма яра».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios