Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 17:3 - Делан Йозанаш

3 нагахь санна цара, Ас тӀедиллина долчунна дуьхьал а лелаш, кхечу деланашна Ӏамал а яхь, я царна, я малхана, я баттана, я стигалийн ницкъашна Ӏибадат а дахь,

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 17:3
14 Referencias Cruzadas  

Иштта кхолладелла стигалш а, латта а, царна тӀехь мел йолу хӀума а.


Шен дас Хьузакх-ЯхӀус дохийна дӀадаьхна долу сагӀа доккху гунаш юхаметтахӀиттийра цо. Иштта цо, исраилхойн паччахь волчу Ахьаба санна, БаӀална сагӀа доккху меттигаш а кечйора, Ашерана лерина болу дечиган бӀогӀам а дӀахӀоттабора. Цо стигалшкахь мел болчу ницкъашна, суждане а оьхуш, Ӏибадат дора.


Веза Эла воцучу, кхечу деланашна сагӀа доккхург хӀаллакве.


Гунаш тӀехь цара БаӀална сагӀа доккху меттигаш кечйира, цигахь шайн кӀентий, БаӀална лерина долу дагоран сагӀа санна, цӀерца багорхьама. И хӀума Аса царна тӀе ца диллина, ткъа иза Суна дагадеана а дац.


Бен-ХӀинам-тогӀи чохь цара БаӀална лерина сагӀа доккху меттигаш кечйира, цигахь шайн кӀентий а, зудабераш а Мулка-харцдалла сагӀина дӀабалархьама. И хӀума Аса царна тӀе ца диллина, ткъа иза Суна дагадеана а дац. Иза бахьана долуш цара ЯхӀудан халкъе къа латадайтира».


Бен-ХӀинам-тогӀи чохь йолчу Тупатахь цара сагӀа доккху меттигаш кечйира, цигахь шайн кӀентий а, зудабераш а дагорхьама. И хӀума Аса царна тӀе ца диллина, ткъа иза Суна дагадеана а дац.


Оцу нехан даьӀахкаш дӀасаяржийна хир ю малхана а, беттасинна а, стигалан седарчашна а кӀелахь. Стигалара и хӀуманаш хӀокху нахана езара, царна хӀокху наха гӀуллакх а дора, уьш царна тӀаьхьа а лелара, царах уьш дагадовлура, царна Ӏибадат а дора. Цхьаммо а юха схьагулйийр яц и даьӀахкаш, уьш цхьаммо а дӀа а юхкур яц. Уьш, лаьттахь Ӏуьллуш долу кхо санна, цигахь Ӏохкур ю.


ТӀаккха Цо со Везачу Элан цӀийнан чоьхьарчу керта вигира. Цигахь суна охьатеӀаш лаьтташ волу ткъе пхиъ боьрша стаг гира. Уьш цӀийнан лабанний, сагӀа доккхучу кхерчаний юккъехь лаьтташ бара, Везачу Элан цӀенна букъ а берзийна. Церан яххьаш малхбалехьа дӀайирзина яра, ткъа уьш шаьш малхана корта бетташ бара.


Варелаш, ларлолаш, шайн дегнаш Ӏеха ма далийталаш, Везачу Элах дӀа а дирзина, кхечу деланашна гӀуллакх а деш, Ӏибадат а деш дӀахӀиттарх.


ткъа шуьга царах лаьцна хаам а беана, шуна иза схьахазахь, аша и гӀуллакх леррина талла деза. Нагахь санна и дегаза хӀума исраилхошна юкъахь далийтина хилар билггал бакъ хилахь,


Иза делаш, стигала шаьш хьалахьаьжча, малххий, буттий, седарчий – и дерриге а стигалан ницкъаш бу – шайна гича, Ӏеха а делла, царна Ӏибадат ца дархьама а, царна гӀуллакх деш ца лелархьама а, хӀунда аьлча шун Везачу Дала стигал кӀел мел долчу халкъашна делла и дерриге а.


Нагахь шайн Везачу Дала кхочушбе аьлла, шайна тӀебиллина болу Цуьнца бина барт а бохийна, кхечу деланашна аш Ӏибадат дахь, Везачу Элан оьгӀазалла юссур ю шуна тӀе. ТӀаккха Везачу Эло шуна деллачу исбаьхьчу лаьтта тӀера сихха дӀадевр ду шу».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios