16 Цо шена дукха говраш а ма гулйойла, нах Мисар-махка а ма бахийтойла, шена кхин говраш хилийтархьама, хӀунда аьлча Везачу Эло шуьга аьлла дара: „Мисар-махка юха ма дуьйлалаш“.
Цо цуьнгара цхьа эзар ворхӀ бӀе бере а, ткъа эзар тӀемало а схьаваьккхира. Шен гӀудалкхашна хьалха дӀайожа бӀе говр бен ца юьтуш, массо а говрийн когийн пхенаш хедийра цо.
Кураваьллачу Хьагатан кӀанта Адан-ЯхӀус (иза Дауд-паччахьан дийна бисинчех воккхаха волу кӀант вара) ша паччахь хир ву олура. Цо шена гӀудалкхаш а кечйира, дошлой а хаьржира, шовзткъе итт сиха лела стаг а гулвира.
Йиъ эзар гӀудалкх южу дойн керт а, шийтта эзар дин а бара Сулим-паччахьан.
Ткъа ахьа омра дехьа, Ливанун-махкара баганан дитташ суна хедадайта. Сан ялхоша хьан ялхошца цхьаьна болх бийр бу. Ткъа аса ахьа хӀоттор боллу мах дӀалур бу хьан ялхоша бийр болчу балхах, хӀунда аьлча тхан бац шун цӀаданхой санна болу дика дечиг-пхьераш».
Ткъа говраш Мисар-махкара а, Килик цӀе йолчу махкара а ялайора Сулим-паччахьо. Паччахьан совдегарша Килик-махкахь и говраш ахчанах схьаоьцура.
Йиъ эзар гӀудалкх южу дойн керт а, шийтта эзар дин а бара Сулим-паччахьан. Паччахь Ӏаш волчу Ярушалаймехь а, гӀудалкхаш дӀахӀитточу гӀаланашкахь а дӀатарйинера уьш.
Абаделлалц Хьайн декъалалла делла Ахь цунна. Хьо цуьнца хиларна, хазахетарца самукъадаьккхина Ахь цуьнан.
ПирӀуно халкъ дӀахецча, Дала пӀелаштамхойн лаьттахула ца дигира иза, цигахула некъ боца белахь а. Дала элира: «Шайн тӀом бан дезча, дохко а бевлла, Мисара юхаберза мега уьш».
Цундела Эрзан хӀорда уллорачу яьссачу арахула дӀадигира Дала халкъ. Иштта, Мисар-махкара герзаца арабевлира исраилхой.
Амма Мусас халкъе элира: «Кхера а ца кхоьруш, дӀахӀиттий латта, Везачу Эло тахана шаьш кӀелхьардахар гур ду шуна. ХӀинца гуш болу мисархой кхин цкъа а гур бац шуна.
Цу халкъан латта детих а, деших а дуьзна ду, дагар ца даллал хазнаш ю цуьнан, латта дӀалаьцна говраш а ю, ягар ца яллал гӀудалкхаш а ю.
Ва ЯхӀуд-махкахь дийна биснарш, Везачу Эло шуьга элира: „Мисар-махка ма гӀолаш“. Цундела ас шуьга чӀогӀа дӀахьедар до,
Амма керла паччахь Бавел-мехкан паччахьна дуьхьалвала гӀоьртира. Цо гӀо доьхуш геланчаш бахийтира Мисар-махка, цигара дуккха а говраш а, эскархой а беха. ГӀуллакх хир дуй те цуьнан? Ницкъ кхочур буй те цуьнан, ша бина болу барт бохийначул тӀаьхьа, таӀзарх кӀелхьарвала?“»
Уьш Мисар-махка юхабоьрзур-м бац те, Ашур-мохк церан паччахь хилла дӀахӀуттур-м бац те, Соьгахьа юхаберза царна ца лиъна дела?
Шайца хӀара дешнаш схьа а эций, Везачу Элана юхадерзийша. Иштта алийша Цуьнга: «Гечдехьа тхан массо а къиношна, тӀеэцахьа тхан дохкодовларан доӀа, ткъа оха Хьуна хастамийн сагӀанаш дохур ду.
«Оцу дийнахь иштта хир ду, – боху Везачу Эло, – Аса хьан дой а хӀаллакдийр ду, гӀудалкхаш а йохор ю.
Ас кхин цкъа а шуна иза гур бац аьллехь а, Мисар-махка юхадуьгур ду шу Везачу Эло хӀордкеманаш тӀехь. Цигахь шайн мостагӀашна дохкалур ду шу, леш а, гӀарбашаш а хилла, амма шу оьцуш цхьа а хир вац».
Цо цаьрга элира: «ХӀара ду шуна аша воьхуш волчу паччахьо ден дерг: шун кӀентий дӀа а бигина, цо уьш шена гӀуллакх дан дӀахӀиттор бу шуна. Цо уьш шен гӀудалкхашна тӀехь эскаран гӀуллакх дан дӀахӀиттор бу, царах дошлой а бийр бу. Ткъа цхьаберш цуьнан гӀудалкхана хьалха уьдуш лелар бу.