13 Иза дерриге а халкъана дӀахезар ду. Нах кхералур бу, уьш кхидӀа кӀоршаме лелар бац».
Иза дӀа а хезна, Исраилан дерриг а халкъ кхералур ду. ТӀаккха шуна юкъахь иштта зулам кхин дийр дац.
Иза кхечарна дӀахезар ду, тӀаккха уьш кхералур бу, иштта зулам шуна юкъахь кхин долуьйтур дац.
Ткъа цигахь шун Везачу Далла гӀуллакх деш волчу динан дас а, кхелахочо а бохург ца деш кӀоршаме леларг вен веза. Иштта дӀадаккха исраилхошна юкъара зулам.
Шун Везачу Дала шуна даха охьаховша луш йолчу гӀаланашна юкъара цхьана гӀаланах лаьцна шайна хаза там бу шуна,