Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 17:11 - Делан Йозанаш

11 Цара шайна хьехначу хьехамашца а, цара тӀедиллинчуьнца а лелалаш. Цара аьллачунна тӀера я аьтту, я аьрру агӀор ма довлалаш.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 17:11
16 Referencias Cruzadas  

Паччахьо элира: «Йоаб бахьана долуш-м ца до ахьа соьга и къамел?» Зудчо, жоп луш, элира: «Дийна волчу хьох чӀагӀо йо ас, ахьа бохучунна я аьтту, я аьрру агӀор таӀа йиш яц. Хьан лай волчу Йоаба тӀедиллира суна, аса хьоьга мел аьлларг паччахье дӀаала аьлла.


Я аьтту агӀор а, я аьрру агӀор а дӀа ма верза, массо а хенахь зулам дарх а ларло.


исраилхошна Везачу Эло Мусагахула довзийтина мел долу парзаш хьехийта а».


И гӀуллакх Везачу Эло къастор йолчу меттехь, цара ма-аллара, чекх а даккха, цара шайна хьехнарг дерриг а кхочушдан а хьажа.


Цуьнан дог кура ма долийла шен къомах болчарна хьалха, оцу весеташна тӀера дӀа ма волийла иза я аьтту, я аьрру агӀор, иза а, цуьнан кӀентий а дуккха а хенашкахь исраилхошна тӀехь паччахьалла деш хилийтархьама».


«Нагахь санна адамашна юкъахь къовсаме даьлла хӀума делахь, уьш кхеле озо беза. Цигахь бехке воцург бакъван веза, бехке волчунна кхел ян еза.


Ас тахана бечу хьехамна тӀера ма довлалаш, аьтту я аьрру агӀор а хьаьвзина, кхечу деланашна тӀаьхьа а хӀиттина, царна Ӏамал ярхьама».


Варелаш, шайн Везачу Дала шайна тӀе-ма-диллара лелалаш. Я аьтту, я аьрру агӀор дӀа ма дерзалаш.


Нахана дагадаийта шаьш хьаькамашна а, куьйгаллехь болчарна а муьтӀахь хила безар а, муьлхха а дика гӀуллакх дан шаьш кийча хила безар а.


ЧӀогӀа а, йоккха къонахалла йолуш а хила, Сан ялхочо Мусас кхочушбе аьлла болу берриг а товрат-хьехам леррина Ӏалаш а бе, кхочуш а бе. Цунна тӀера аьтту а, аьрру а агӀор ма верза, тӀаккха айхьа дечу муьлххачу а гӀуллакха тӀехь ларош хир ву хьо.


Цундела, леррина лар а деш, кхочушде Мусан товрат-хьехамийн тептар тӀехь дерг дерриг а, цунна тӀера цхьа гӀулч дӀаса а ца довлуш.


къаьсттина шайн догӀмийн хьарамчу лаамашна тӀаьхьахӀиттинарш а, шайна тӀехь Деле олалла ца дойтурш а. КӀоршаме а, шайн лаамехь а болу и харцхьехамчаш стигалан сийлаллин бахархошна лен ца кхоьру.


Иштта сатийсаре бевллачу кху наха шайн догӀмаш а бехдо, хьаькамаш а ца лору, стигалан сийлаллин бахархой а емалбо.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios