Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 16:9 - Делан Йозанаш

9 «Маьрсаца кӀа хьокхучу хьалхарчу денна тӀера ворхӀ кӀира дагарде.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 16:9
11 Referencias Cruzadas  

Сулима дийнаташ дагоран сагӀанаш дохура, Муса-пайхамаран хьехамаша ма-бохху, шоьтан деношна а, бутт болалуш долчу деношна а, шеран кхаа дезачу денна а: совсазчу баьпкан дезачу денна а, ШавуӀот цӀе йолчу ялта чудерзоран дезачу денна а, кхалорийн дезачу денна а.


Айхьа бинчу белхан дуьххьарлера ялта арара схьаэцаран де а дазде. Иштта, хьайн арара болх дӀаберзош, шеран чаккхенехь ялта чудерзоран де а дазде.


Дуьххьарлера ялта схьаэцаран „ШавуӀот“ цӀе йолу деза де а, шо чекхдолуш ялта чудерзоран деза де а лара.


Жуьгтийн «ШавуӀот» цӀе йолчу ялта чудерзоран дезачу дийнахь массо а векал цхьаьнакхийтира.


Жуьгтийн «ШавуӀот» цӀе йолу ялта чудерзоран дезде тӀекхаччалц Ӏийр ву со Эпасехь.


Цул тӀаьхьа шайн Везачу Далла лерина ШавуӀот цӀе йолу дезде дазделаш, шайн лаамца долу сагӀа а доккхуш, шайн Везачу Дала шу декъалдаре хьаьжжина.


Шарахь кхузза халкъана юкъара боьрша стаг мел верг шен Везачу Далла хьалха дӀахӀотта веза Цо къастор йолчу оцу меттехь – совсазчу баьпкан дезачу дийнахь, ШавуӀот цӀе йолчу дезачу дийнахь, Кхалорийн дезачу деношкахь. Цхьа а стаг Везачу Элана хьалха даьссачу куьйгашца ван ца веза.


Цундела ваьшна хезначунна къаьсттина чӀогӀа тидам тӀебохуьйтуш хила деза вай, тешарх хера ца довлархьама.


Иштта БоӀазан ялхошца кенаш а лехьош, ялта чудерзийна даллалц, шен марненаца Ӏийра Рути.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios