8 Ялх дийнахь совсаза долу баьпкаш даа, ткъа ворхӀалгӀачу дийнахь шайн Везачу Далла беза гулам дӀахӀоттабе. Оцу дийнахь цхьа а болх ма бе».
ВорхӀ дийнахь Везачу Элана сагӀа доккху кхерч а базбира, кхин а ворхӀ дийнахь четаршна чохь Ӏаш долу денош а даздира, ткъа цул тӀаьхьа тӀедеанчу дийнахь цу денойн даздаран тӀаьхье йира.
Ӏезара хьалхарчу дийнахь дуьйна тӀаьххьара де тӀекхаччалц, Делан товрат-хьехамаш тӀехь болу тептар доьшура царна. ВорхӀ дийнахь лаьттира и деза денош. БорхӀалгӀачу дийнахь, товрат-хьехамаш тӀехь ма-аллара, уьш вовшахкхийтира леррина дӀахӀоьттинчу гуламе.
ДӀахӀоттадейша Далла марха кхабар, схьакхайкхийша халкъ динан гуламе, схьакхайкхийша къаной а, кху мехкан берриг а бахархой а шайн Везачу Делан цӀа долчу. ГӀо доьхуш кхайкхийша, кхайкхийша Везачу Эле!
ВорхӀ дийнахь Везачу Элана лерина цӀера тӀехь сагӀа даккха. БархӀалгӀачу дийнахь безачу гуламе нах а кхайкха, Везачу Элана цӀера тӀехь сагӀа а даккха. Иза динан гулам бу, вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу хенахь.
Цул тӀаьхьа ворхӀалгӀачу дийнахь а беза гулам дӀахӀотто беза аша. Цу дийнахь вукху деношкахь санна болу болх ма бе».