Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 16:7 - Делан Йозанаш

7 Шун Везачу Дала къастор йолчу оцу меттехь дийнатан жижиг кхехка а делаш, иза даа а даалаш. Ткъа шолгӀачу дийнахь шайн четарш чу юхадерза йиш ю шун.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 16:7
10 Referencias Cruzadas  

Юши-ЯхӀус паччахьалла деш долу берхӀитталгӀа шо долуш Везачу Элана лерина долу и «Пасахьан» деза де Ярушалайм-гӀалахь даздира.


Хьехамаша тӀедиллина ма-хиллара, Пасахьан Ӏахар цӀартӀехь беттира. Ткъа даздина долу сагӀина деанарг даккхий еш чохь, кхабанаш чохь, кедаш чохь, кхехка а деш, сихонца халкъана дӀадийкъира.


Ткъа тӀедан герга дара жуьгтийн Пасахь олу деза де. И деза де тӀекхачале, оцу махкара дукха адам деара Ярушалайме, дино ма-бохху цӀандалархьама.


«Пасахь» олу жуьгтийн деза де тӀедогӀуш дара. ТӀаккха Ӏийса Ярушалайме веара.


Пасахьан дезачу дийнахь, Ӏийса Ярушалаймехь волуш, Цо деш долчу тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш а гина, дукхахберш тийшира Цунах.


Ткъа Шен цӀе йоккхуьйтур йолчу а, шайн Везачу Дала шайн массо а тайпанийн меттигашна юкъахь схьакъастор йолчу а меттигна шу тӀе а дерза, цига а дуьйла.


Везачу Эло Ша Ӏайтархьама къастор йолчу меттехь, шун Везачу Далла лерина долу Пасахьан сагӀа санна, шайн жех я бежанех цхьана дийнатна урс хьакха.


Шун Везачу Дала Ша Ӏайтархьама къастор йолчу меттехь бен Пасахьан дийнатна урс ма хьакхалаш, сарахь, малх дӀабузучу хенахь, шун дай Мисар-махкара арабевллачу хенахь.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios