5 Шун Везачу Дала шайна лун йолчу гӀаланийн цхьанна а чохь Пасахьан сагӀина лерина долчу дийнатна урс хьокхийла дац шун.
Совсазчу баьпкан дезачу денойн дуьххьарлерчу дийнахь, Пасахьан Ӏахар а бийна, мурдаша Ӏийсага хаьттира: «Пасахьан пхьор мичахь дан лаьа Хьуна? Оха, дахана, кечйийр ю чоь».
Везачу Эло Ша Ӏайтархьама къастор йолчу меттехь, шун Везачу Далла лерина долу Пасахьан сагӀа санна, шайн жех я бежанех цхьана дийнатна урс хьакха.
ВорхӀ дийнахь шун махкахь цхьанхьа а совсуьйту цхьа а хӀума каро ца еза. Хьалхарчу дийнахь, суьйранна, сагӀа даккха, ткъа жижигах долу цхьа а дакъа Ӏуьйренга ма далийта.
Шун Везачу Дала Ша Ӏайтархьама къастор йолчу меттехь бен Пасахьан дийнатна урс ма хьакхалаш, сарахь, малх дӀабузучу хенахь, шун дай Мисар-махкара арабевллачу хенахь.