Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 16:3 - Делан Йозанаш

3 Цуьнан жижигца совсийна хӀума ма яалаш. ВорхӀ дийнахь совсоза баьпкаш даалаш цуьнца, баланийн долу баьпкаш, хӀунда аьлча шу сиха арадевллера Мисар-махкара. Даалаш и баьпкаш, дуьнен чохь шу мел деха шаьш арадовлар шайна диц ца далийта.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 16:3
27 Referencias Cruzadas  

Аша цаьрга дӀаала: „Иштта боху паччахьо: ‘ХӀара стаг набахти чу волла. Со маьрша цӀа верззалц, кӀеззиг бепиг а, хи а бен, хӀумма а ма ло цунна’“».


Гуттаренна а ца хуьлу Везачу Эло бехк биллар. Гуттаренна а дац Цуьнан оьгӀазвахар.


З Ӏенарша боданехь а серло ло догцӀена болчарна а, иштта дика а, къинхетаме а, нийса а болчарна а.


Шен куьйган къинхьегамца даьккхинчух вахалур ву иза, ирс долуш а, беркате а хир ву иза.


И кхача буучу хенахь шу тӀе хӀума юьйхина хила деза, юкъ а йихкина, когахь мачаш а йолуш. ХӀума сихонца яа еза аш. Некъан Ӏаса карахь хила еза шун. Иза Везачу Элан Пасахь ду.


Совсазчу баьпкан дезде дагахьлатто деза аша, хӀунда аьлча цу дийнахь шун тобанаш Мисар-махкара араяьхна Ас. И де шун тӀаьхьенаша а латто деза дагахь, гуттар а йолчу ханна тӀедиллина долу дела.


Новкъахь Мисарара схьабахьачу бедах совсаза хьокхамаш дира цара. Сихонца цу махкара арабевлла дела, церан бод ца севсинера, шайна новкъа довлуш яа хӀума кечъян а ца кхиънера уьш.


Цу буссехь цӀера тӀехь деттина Ӏахаран жижиг дӀадаа деза аш. Иза къаьхьачу бецашца а, совсазчу баьпкаца а даа деза.


Совсазчу баьпкан деза де лара: ворхӀ дийнахь совсаза бепиг даа, Ас хьайна тӀе-ма-диллара. Иза билгалъяьккхинчу хенахь Авив цӀе йолчу баттахь хила дезаш ду, хӀунда аьлча цу баттахь хьо Мисарара араваьлла.


Амма шу меллаша девр ду ара, дӀадовдур дац, хӀунда аьлча Веза Эла гӀур ву шуна хьалхаваьлла. Исраилан халкъан Веза Дела хир ву, шу лардеш, шуна тӀаьхьаваьлла вогӀуш.


Ткъа цу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь Везачу Элана лерина долу Совсазчу баьпкан деза денош дуьйладала деза. ВорхӀ дийнахь совсаза бепиг даа дезаш ду шу.


Ткъа Даудан цӀенна а, Ярушалайм-гӀалин бахархошна а къинхетаман а, гечдаран доӀанийн са шортта тӀеӀанор ду Ас. ТӀаккха хьовсур уьш шаьш гоьмукъ чекхбаьккхина волчу Соьга. Цара цунах лаьцна белхарш дийр ду, цхьаъ бен доцучу берана тӀера санна, уьш гӀайгӀане хир бу дуьххьарлерчу доьзалхочунна гӀайгӀане хиларе терра.


Ткъа цу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь кхин дезде а долалур ду. ВорхӀ дийнахь совсоза болчу бедах деттина бепиг даа деза.


Иштта болчара а шолгӀачу беттан дейтталгӀачу дийнахь суьйранна кхочушдан деза и гӀуллакх. СагӀина беана Ӏахар совсазчу баьпкаца а, къаьхьачу бецашца а баа беза цара.


Цо, бепиг схьа а эцна, доӀанца цунах баркалла а аьлла, декъа а декъна, мурдашка дӀаделира: «Сан дегӀ ду хӀара, шун дуьхьа дӀалун долу. Со дагалацархьама, иштта делаш».


Цундела вай вешан Пасахьан дезде даздан деза мекарлонца а, зуламца а доьзна долчу, ширбеллачу муьстачу бедаца а доцуш, ткъа догцӀена хиларца а, билггал долчу бакъдолчуьнца а доьзна долчу совсоза динчу баьпкаца.


Везачу Эло Ша Ӏайтархьама къастор йолчу меттехь, шун Везачу Далла лерина долу Пасахьан сагӀа санна, шайн жех я бежанех цхьана дийнатна урс хьакха.


Амма ларлуш а хилалаш, шайн синан дола а делаш, шайн бӀаьргашна гина гӀуллакхаш диц ца далийтархьама а, и дерриг а, шу мел деха, шайн даг чуьра дӀа ца далийтархьама а. Шайна гинарш дӀадийца шайн берашка а, шайн берийн берашка а.


Делан дош тӀе а эцна, тхох а, Везачу Элах а тарделла дӀахӀитти шу а. Аша дукха баланаш лайнехь а, Делан Сино хазахетар лора шуна.


Аш жоп лур ду царна: „Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказна хьалха Йордан-хи декъадалар дагахьлатторхьама Ӏалашдо. ТӀорказ дехьадоккхучу хенахь Йордан-хи, декъа а делла, сецира. ТӀейогӀу йолчу хенахь исраилхошна и хӀума дагахь латтор ду цу тӀулгаша“».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios