Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 16:22 - Делан Йозанаш

22 Харцделанашна а тӀулгаш дӀа ма хӀиттаделаш. Иза шун Везачу Далла цадезарг ду».

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 16:22
13 Referencias Cruzadas  

Цара шайна сагӀа доккху гунаш а, харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш а, Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бӀогӀамаш а дӀахӀиттадора муьлххачу а лекхачу меттигехь а, муьлххачу а ӀиндагӀ луш долчу дитта кӀелахь а.


Исраилхоша шаьш Ӏаш болчохь харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш а, Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бӀогӀамаш а хӀиттинера хӀора гуна тӀе а, хӀора ӀиндагӀ луш долчу диттана кӀел а.


Цхьана а тайпана лакхахь стигалахь, я лахахь лаьттахь, я лаьттал лахарчу хиш чохь хӀуманан вастехь сурт кхуллуш, шайна цӀуш а ма белаш.


Церан сагӀа доккху меттигаш а, Ӏибадат дан хӀиттийна тархаш а йохаяй, Ашера-далла лерина болу церан дечиган бӀогӀамаш хадабай, дӀабаха.


Мосуьйттазза шу долчу Сайн ялхой болу пайхамарш бохкуьйтура, Сайн цӀарах дӀаала: ‘Ма леладе Суна ца дезаш долу и дегаза хӀума’.


«Шайна цӀуш ма бе, лалийна цӀуш а, харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш а, тӀулгех хедийна цӀуш а ма хӀиттабе, царна Ӏибадат дархьама, хӀунда аьлча Со шун Веза Дела ву.


Мелхо а, вовшашна дуьхьал зулам дар шайн даг чу ма тасийталаш, ткъа дуй баарца харц тоьшалла дар шайна ма дезийталаш, хӀунда аьлча и дерриг а Суна ца дезарг ду“», – боху Везачу Эло.


Шайн деланашна цара Ӏамал ечу кепара шайн Везачу Далла Ӏамал ма елаш, хӀунда аьлча цара шайн деланашна мел дийриг Везачу Элана дегаза хетарг а, ца дезарг а ду. Цара ур-атталла шайн кӀентий а, шайн йоӀарий а, шайн деланашна лоруш, цӀергахь багабо.


Аша иза делаш шаьш ца талхадайтархьама, муьлххачу а вастехь шайна цӀу а вина – стеган я зудчун вастехь,


Варелаш, ларлолаш шайн Везачу Дала шайца бина барт бицбарх а, шайн Везачу Дала шайна тӀе-ма-диллара, Ӏамал ян цхьана хӀуманан вастехь цӀу-деланаш шаьш барх а.


Нагахь санна, шун бераш а хилла, шун берийн бераш а хилла, оцу махкахь шу дуккха а Ӏан дахкахь, шу, цхьаннан вастехь цӀу-делан сурт а дина, талха мегара. И дарца аша шайн Везачу Далла хьалха вон дийр ду, тӀаккха Иза дарлур ву.


Иштта, никласхойн хьехамаш ларбеш болу цхьаболу нах а бу шуна юкъахь.


Делахь а цхьа дика хӀума ду шун: никласхойн гӀуллакхаш Суна цадезаре терра, шуна а уьш ца дезаш хилар.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios