Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 16:21 - Делан Йозанаш

21 Шайн Везачу Далла аша дӀахӀоттор болчу сагӀа доккхучу кхерчана уллохь Ашера-далла лерина болу цхьа а дечиган бӀогӀам ма хӀоттабелаш

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 16:21
10 Referencias Cruzadas  

Хино лестош болу эрз санна хилла, дӀахӀоттор ду Везачу Эло Исраилан халкъ Шен таӀзарца. Ша исраилхойн дайшна деллачу токхечу лаьтта тӀера орамашца бухдоккхур ду Везачу Эло и халкъ. Оцу халкъо, Веза Эла дарвеш, шайна Ашера-далла лерина долу дечиган бӀогӀамаш дӀахӀитторна, Эпрат-хил дехьа а даьккхина, дӀасадаржор ду иза.


Иштта, Ашера-харцдалла лерина болу дечиган бӀогӀам а дӀахӀоттийра Ахьаба. Шел хьалха хиллачу исраилхойн массо паччахьел а тӀехвелира иза Исраилан халкъан Веза Дела оьгӀазвохуьйту гӀуллакхаш дарна тӀехь.


Халкъо шайн Везачу Делан весеташ дӀатеттира. Цара шайна деших доьттина ши эса а дӀахӀоттийра, Ашера-харцдалла лерина болу дечиган бӀогӀам а бира. Цара стигалшкахь мел болчу ницкъашна Ӏибадат а дора, БаӀал-харцдалла Ӏамал а йора.


Шен дас Хьузакх-ЯхӀус дохийна дӀадаьхна долу сагӀа доккху гунаш юхаметтахӀиттийра цо. Иштта цо, исраилхойн паччахь волчу Ахьаба санна, БаӀална сагӀа доккху меттигаш а кечйора, Ашерана лерина болу дечиган бӀогӀам а дӀахӀоттабора. Цо стигалшкахь мел болчу ницкъашна, суждане а оьхуш, Ӏибадат дора.


Ашера-харцдалла лерина ша бина дечиган бӀогӀам, схьа а эцна, Делан цӀа чохь дӀахӀоттийра Маннаша, цунах лаьцна Везачу Эло Дауде а, цуьнан кӀанте Сулиме а иштта аьлла доллушехь: «Ярушалайм-гӀалахь – исраилхойн шийтта тайпанан латтанашна юкъара Айса хаьржина йолчу меттигехь – хӀокху Сайн цӀа чохь Сайн цӀе язъяйта лаьа Суна гуттаренна а.


Шен дас Хьузакх-ЯхӀус дохийна дӀадаьхна долу сагӀа доккху гунаш юхаметтахӀиттийра цо. Иштта БаӀал-харцделанашна сагӀа доккху меттигаш кечйора, Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бӀогӀамаш а хӀиттадора цо. Стигалшкахь мел болчу ницкъашна, суждане а оьхуш, Ӏибадат дора цо.


Церан сагӀа доккху меттигаш а, Ӏибадат дан хӀиттийна тархаш а йохаяй, Ашера-далла лерина болу церан дечиган бӀогӀамаш хадабай, дӀабаха.


«Шайна цӀуш ма бе, лалийна цӀуш а, харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш а, тӀулгех хедийна цӀуш а ма хӀиттабе, царна Ӏибадат дархьама, хӀунда аьлча Со шун Веза Дела ву.


Амма аша царна хӀара делаш: церан сагӀа доккху меттигаш йохаелаш, харцделанашна хӀиттийна церан тӀулгаш аталаш, Ашера-далла лерина долу церан дечиган бӀогӀамаш дӀахедаделаш, церан цӀуш багабелаш.


Везачу Элана зуламе хеташ долу хӀуманаш шайгара дуьйлуьйтура исраилхоша. Шайн Веза Дела виц а вина, БаӀал а, Ӏаштарт а цӀераш йолчу харцделанашна Ӏибадат дора цара.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios