Карлабаьккхинарг 16:19 - Делан Йозанаш19 Ма талхаделаш кхелъяр, цхьаьнгге а озабезам ма белаш. Ма эцалаш кхаьънаш, хӀунда аьлча кхаьънаша хьекъале берш а бӀарзбо, нийса болчеран гӀуллакхаш хийцадолуьйту. Ver Capítulo |
Со хӀинца шуна хьалха ву. Везачу Элана а, Цо къобалвинчунна а хьалха тоьшалла дан мегар ду шуна соьгара даьллачу гӀалаташна. Шуьгара цхьаьнггара а сту я вир схьаяьккхиний аса? Шуна цхьанна а халахетар диний, гӀело йиний? Я кхаьънаш оьцуш, шуьгара даьллачунна тӀехь сайн ши бӀаьрг дӀакъевлина аса? Схьаала соьга, иза аса шуна юхадерзор ду».