13 «Кхалораш кӀелахь Ӏаш долу деза денош ворхӀ дийнахь дазде, шаьш аренаш тӀера ялта хьаькхна девлча а, шайн муттдоккхургашна чуьра чагӀар схьадаьккхина девлча а.
Иштта шеран ворхӀалгӀачу беттан дезачу деношкахь дерриг а Исраилан халкъ Сулим-паччахь волчу гулделира.
Сулима дийнаташ дагоран сагӀанаш дохура, Муса-пайхамаран хьехамаша ма-бохху, шоьтан деношна а, бутт болалуш долчу деношна а, шеран кхаа дезачу денна а: совсазчу баьпкан дезачу денна а, ШавуӀот цӀе йолчу ялта чудерзоран дезачу денна а, кхалорийн дезачу денна а.
Цул тӀаьхьа, товрат-хьехамашна тӀехь ма-хиллара, кхалорийн деза денош дӀахӀиттийра цара. ХӀора денна лерина долу дийнаташ дагоран сагӀанаш дехира цара.
Айхьа бинчу белхан дуьххьарлера ялта арара схьаэцаран де а дазде. Иштта, хьайн арара болх дӀаберзош, шеран чаккхенехь ялта чудерзоран де а дазде.
Дуьххьарлера ялта схьаэцаран „ШавуӀот“ цӀе йолу деза де а, шо чекхдолуш ялта чудерзоран деза де а лара.
Ткъа со МицӀпа-гӀалахь соцур ву, кхуза схьаоьхуш болчу хашадхошна хьалха шух лаьцна жоп а луш. Ткъа аша аьхкенан стоьмаш схьалахьабе, чагӀар а, даьтта а даккха, и массо а кхача кхабанаш чохь латта а бе, шаьш дӀалаьцначу гӀаланашкахь а Ӏе».
Хьалхарчу бедах шаьш бепиг доттучу хенахь, цхьа бепиг Везачу Элана лерина сагӀина ло. Иза хьаьттара даьккхина совгӀат хир ду Везачу Элана.
ТӀедогӀуш дара Кхалорийн деза денош.
Весет а деш, Мусас иштта элира: «ВорхӀ шо чекх мосазза долу, декхарш гечдаран шарахь, кхалорийн дезачу деношкахь,