Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 16:11 - Делан Йозанаш

11 Шайн Везачу Далла хьалха сакъералуш хила Цо Ша Ӏайтархьама къастор йолчу меттехь – шу а, шун кӀентий а, йоӀарий а, шун леш а, гӀарбашаш а, шун гӀаланашкахь Ӏаш болу левихой а, тӀебаьхкина нах а, иштта бай а, бисина Ӏаш болу зударий а.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 16:11
16 Referencias Cruzadas  

Лаьттах Суна лерина сагӀа доккху меттиг а яй, цу тӀехь дийнаташ дагоран а, барт баран а сагӀанаш даха, шайн уьстагӀий а, стерчий а далош. Сан цӀе шуна дагаяийта Ас билгалъяьхначу массо а меттигашкахь, Со тӀе а вогӀуш, Ас шу декъалдийр ду.


Самукъадаларца бакъдерг кхочушдеш волчунна а, Хьан некъаш дагахь латтош волчунна а гӀо дан вогӀу Хьо. Амма Хьо оьгӀазвахара тхуна, хӀунда аьлча тхо дукха хенахь дуьйна къинош летош дара. Тхо кӀелхьар муха девр ду?


Вайн бӀаьргашна хьалхара дӀа ца баьккхинера кхача? Вайн Делан цӀийнера дӀа ца даьккхина сакъерадалар а, хазахетар а?


тӀаккха а Везачу Элах воккхавийр ву со, суо кӀелхьарвоккхучу Делах сакъералуш хир ву со.


Цунах тоам бина а ца Ӏаш, вай Делаца тайтина волчу а, вайн Веза Эла волчу а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула вайца Дела хиларна, даккхийдеш ду вай.


Иза дац шун тешарна тӀехь олалла до бохург. Амма шун даккхийдер хилийта шуьца цхьаьна гӀуллакх деш ду тхо, хӀунда аьлча шайн тешар тӀехь чӀагӀо йолуш ду шу.


Цигахь самукъане даккхийде шайн Везачу Далла хьалха – шу а, шун кӀентий а, шун йоӀарий а, шун леш а, гӀарбашаш а, иштта шайн гӀаланашкахь Ӏаш болу левихой а (шуна санна царна лаьттан дакъа ца кхочу, церан долахь латта хир дац).


Амма иза шун Везачу Далла хьалха бен ма яалаш, шун Везачу Дала схьакъастор йолчу меттехь – аша а, шун кӀенташа а, шун мехкарша а, шун леша а, шун гӀарбашаша а, шун гӀаланашкахь Ӏаш волчу левихоша а. Даккхийде шайн Везачу Далла хьалха шун куьйгаша мел динарг бахьана долуш.


Ткъа Шен цӀе йоккхуьйтур йолчу а, шайн Везачу Дала шайн массо а тайпанийн меттигашна юкъахь схьакъастор йолчу а меттигна шу тӀе а дерза, цига а дуьйла.


Цигахь шайн Везачу Далла хьалха яа а яа, иштта шу а, шун доьзалш а шайн куьйгашца шаьш дина долчу массо а хӀуманах а, шайн Везачу Дала шу декъалдарх а самукъадолуш а хила.


ТӀаккха левихой а (церан долахь, шун санна, лаьттан дакъа ца хиларна), тӀебаьхкина нах а, бай а, бисина зударий а схьабахкийта, оцу уьтталгӀачу дакъойх цаьрга даийта а, бузийта а, шун куьйгаша деш долчу муьлххачу а гӀуллакхашна тӀехь шун Везачу Деле шу декъалдайтархьама».


Цул тӀаьхьа шайн Везачу Далла лерина ШавуӀот цӀе йолу дезде дазделаш, шайн лаамца долу сагӀа а доккхуш, шайн Везачу Дала шу декъалдаре хьаьжжина.


Оцу дезачу деношкахь сакъера – аша а, шун кӀенташа а, йоӀарша а, шун леша а, гӀарбашаша а, шун гӀаланашкахь Ӏаш болчу левихоша а, тӀебаьхкинчу наха а, байша а, бисинчу зударша а.


ТӀаккха шун Везачу Дала шуна а, шун цӀенна а деллачу рицкъах даккхийде – шу а, левихой а, шуна юкъахь Ӏаш болу тӀебаьхкина нах а.


Везачу Элаца а долуш, даим а даккхийде. Юха а боху аса: даккхийде!


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios