Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 16:10 - Делан Йозанаш

10 Цул тӀаьхьа шайн Везачу Далла лерина ШавуӀот цӀе йолу дезде дазделаш, шайн лаамца долу сагӀа а доккхуш, шайн Везачу Дала шу декъалдаре хьаьжжина.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 16:10
22 Referencias Cruzadas  

Ткъа тхо муьлш ду: я со а, я сан халкъ а, иштта Хьуна сагӀа дан таро хилла долу? Иза-м ша дерриге а Хьоьгара ма ду. Хьан карара тхаьш схьаэцнарг Хьуна дӀа а делла оха.


Шайн лаамехь Далла дахьаш долчу сагӀанийн дола дан а, Везачу Элана луш йолу хӀума а, даздина долу совгӀаташ а дӀасадекъа дӀахӀоттийра Кхура. Иза малхбалехьарчу кевнехь ха деш волу, Иманин кӀант волу левихо вара.


Исраилан халкъа юкъара шайн даггара сагӀа дала лууш мел лелачара, божарша а, зударша а, Мусагахула Везачу Эло дан тӀедиллинчу гӀуллакхна шайн-шайн лаамехь Везачу Элана лерина совгӀаташ дахьара.


Везачу Эло декъалваро хьал дахьа, ткъа къахьегаро цунна хӀумма а тӀе ца туху.


Хьанна хаьа, дохко а ваьлла, къинхетам бийр бац те Цо? ТӀаккха шун таро хир ю шайн Везачу Далла лерина кӀен а, чагӀаран а сагӀанаш даха.


Нагахь зудчун сагӀина Ӏахар бало таро яцахь, ши къоркхокха я ши кхокха бан мегар ду цо. Цхьаъ дийнаташ дагоран сагӀина, важа къинан сагӀина хир бу. Динан дас зуда цӀанъяран Ӏадат кхочушдийр ду, тӀаккха иза Далла хьалха цӀена хир ю“».


«Везачу Элана хьалха хьалаайа шаьш цӀов баьхьначу шоьтан де чекхдаьллачу шолгӀачу денна тӀера дуьззина ворхӀ кӀира дагарде.


Стеган шен доьзалан латта юхаэцийта гергара стаг ца хила а тарло, амма тӀаьхьо, беркат а хилла, цуьнгахь иза юхаэццал ахча хила мега.


Нагахь санна шен уьстагӀ бен таро яцахь, Везачу Элана лерина ши кхокха (я ши къоркхокха) гӀуда санна бан беза цо, цхьа кхокха къинан сагӀина, ткъа важа дагоран сагӀа санна.


«Дуьххьарлера ялта схьаэцаран де долчу, ШавуӀот цӀе йолчу дезачу дийнахь, шайн керлачу ялтих Везачу Элана лерина кӀен сагӀа шаьш даьккхича, аша беза гулам дӀахӀоттабе, ткъа вукху деношкахь санна болу болх ма бе.


ТӀамехь хиллачу тӀемалошкара Везачу Элана йогӀучу йолана схьаэца хӀора чохь са долчу пхи бӀе хӀуманна юкъара цхьаъ – адамаш, хьайбанаш, варраш, уьстагӀий я гезарий уьш елахь.


(царах Везачу Элана совгӀатна лерина ялх бӀе кхузткъе пхийтта дийнат дара),


ХӀора кӀиранан дуьххьарлерчу дийнахь шух хӀораммо а, шайна карадеанчу ахчане хьаьжжина, цунах цхьадолу дакъа Ӏалашде, со дӀавеанчу хенахь ахча гулдар оьшуш ца хилийтархьама.


Цу тӀехь шуна пайденна долу цхьа хьехар до аса, хӀунда аьлча стохка и дика гӀуллакх долийна а ца Ӏаш, и доло лаам а хилла шун.


Нагахь цхьаъ шен хӀума дӀадала доггах лаам болуш велахь, Дала иза, цуьнан дала йолчу тароне хьаьжжина, тӀеоьцур ду, дала таро йоцург ца хьехош.


Шайн Везачу Далла хьалха сакъералуш хила Цо Ша Ӏайтархьама къастор йолчу меттехь – шу а, шун кӀентий а, йоӀарий а, шун леш а, гӀарбашаш а, шун гӀаланашкахь Ӏаш болу левихой а, тӀебаьхкина нах а, иштта бай а, бисина Ӏаш болу зударий а.


«Маьрсаца кӀа хьокхучу хьалхарчу денна тӀера ворхӀ кӀира дагарде.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios