Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 16:1 - Делан Йозанаш

1 «Абиб олучу баттахь шайн Везачу Далла лерина Пасахьан деза денош дазде, хӀунда аьлча оцу беттан цхьана буьйсанна шун Везачу Дала Мисар-махкара арадаьхнера шу.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 16:1
16 Referencias Cruzadas  

Оццу дийнахь Везачу Эло Мисар-махкара арабехира исраилхой, тӀеман бӀо санна.


Мусас халкъе элира: «Шаьш Мисарарчу лоллера арадевлла хӀара де дагахь латтаделаш. Везачу Эло Шен ондачу куьйгаца арадаьхна шу кхузара. ХӀара де дагахь латточу хенахь совсийна бепиг ма даалаш,


хӀунда аьлча кху дийнахь, Авив цӀе йолчу баттахь шу арадовлуш ду.


«Шарахь кхузза Суна лерина деза денош хилийта.


Совсазчу баьпкан дезде ларде: Ас хьайна тӀе-ма-диллара, ворхӀ дийнахь совсаза бепиг даа Авив беттан билггалчу хенахь, хӀунда аьлча цу хенахь шу Мисарара арадевлла. СагӀа даккхаза цхьа а Суна хьалха ма хӀотта.


Совсазчу баьпкан деза де лара: ворхӀ дийнахь совсаза бепиг даа, Ас хьайна тӀе-ма-диллара. Иза билгалъяьккхинчу хенахь Авив цӀе йолчу баттахь хила дезаш ду, хӀунда аьлча цу баттахь хьо Мисарара араваьлла.


«Хьалхарчу беттан дейтталгӀачу дийнахь, сарахь, Везачу Элана лерина Пасахь хила деза.


«Шеран хьалхарчу беттан дейтталгӀачу дийнахь Везачу Элана лерина Пасахьан дезде хир ду.


ХӀора шарахь цуьнан да-нана Пасахь олучу дезачу дийнахь Ярушалайме доьдура.


«Пасахь» олу жуьгтийн деза де тӀедогӀуш дара. ТӀаккха Ӏийса Ярушалайме веара.


Цул тӀаьхьа Ярушалаймехь жуьгтийн цхьа деза де даздеш дара. Ӏийса а веара цига.


Ткъа тӀедогӀуш дара «Пасахь» олу деза де.


Везачу Эло Ша Ӏайтархьама къастор йолчу меттехь, шун Везачу Далла лерина долу Пасахьан сагӀа санна, шайн жех я бежанех цхьана дийнатна урс хьакха.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios